ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа ХIирийчуьрчу къанойн кхеташоно маслаIат дина чIирхошна юкъахь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ХIирийн "Стыр Ныхас" кхеташоно маслаIат дина юкъа чIир йоьллачу ХадзиевгIарна а, ВалиевгIарна а юкъахь.

Моздокерчу цхьахйолчу ресторан чохь Зазадокху-беттан 23-чохь урс диттина вийра ийначу кепехь долчу латарийн дуьненан чемпион Хадзиев Алан. Цул тIаьхьа цуьнан вашас Хадзиев Вячеслава бекхам бира 45 шо долчу Валиев Таймуразна.

"Стыр Ныхасан" куьйгалхочун гIовса Еналдиев Казбека билгалдаккхарехь, шина цIийнах болу нах берта бахийта гIерташ, зулам иккхинчул тIаьхьа маса болх болийнера. Юкъаралхоша дакъа лецира тезетахь, цигахь кхайкхам а бира цара, шайггара хIуммаъ ма леладе аьлла. ТIаьхьо ХадзиевгIеран а, ВалиевгIеран а хIусамашкахь хилира уьш, юккъе хан а ца йолуьйтуш, маслаIат дан деза аьлла.

"Хадзиев Алан а, Валиев Тамерлан а вовшашна дика вевзаш а, юкъахь уьйраш лелош а вара, амма, цхьа пайда боцчу хIумана тIехула даьллачу девно, сингаттам баьккхинера шина а доьазлна", - аьлла, дийцина Еналдиевс Кавказ.Реалиин корреспонденте. - Шина цIийнах болчу баккхийчара а, веллачу шиннан вежарша а вовшах кхета а кхетта, хьекъал, доьналла гайтина. Нах тешаш а хIиттийна, шайна юкъахь мостагIалла дац аьлла, дIакхайкхийра цара".

Шина доьзалан векалш 40 де кхаьчначу сагIа доккхучохь вовшашан тIеттIа гIур бу, кхин а цкъа а юкъараллана дIахаийта, шайна юкъахь цакхетамш боцийла аьлла, тешна ву Еналдиев.

Ресторанехь даьллачу девнехь иштта чевнаш йира 29 шо долчу Моздокерчу вахархочунна Чуйков Алексейна, лоьрийн гIоьнца дийна висира иза.

Ша бехке хиларх мукIарло а деш, полицина тIевеъначу Хадзиев Вячеславна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира юьхьанца, амма масех де даьллачул тIаьхьа маьрша ваьккхира иза, цIера дIасавалар а доьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG