ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен махкахочунна герз тоьхна Дагестанан вахархо лаьцна Питерехь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

33 шо долчу шен махкахочунна чевнаш йина Дагестнера 29 шо долу вахархо лаьцна Санкт-Петеребургехь. Дахначу мукъаденошкахь цу шинна юкъахь иккхина дов, герзаш деттарца дирзина. "Фонтанкас", хаам барехь, Охан-беттан 3-чохь Красносельскан кIоштарчу Летчик Пилютовн урамерчу "Дружба" кафена гергахь хилла юьйцу инцидент. Герз а тоьхна, ведда зуламхо.

Iуьйранна пхи сахьт долучу заманчохь Азербайджанан вахархочо полицига дIахаийтина хиллачух. Кхайкхина баьхкинчу ППС-н белхахошна букъах герх кхетта лазийна дагестанхо карийна.

Полицин декъехь цо дIахьедина, цхьангга а претензеш яц шен, хилларг шаьшиннан юкъара гIуллакх ду аьлла. Цул тIаьхьа, вон ду шена, лоьраш кхайкхахьара аьлла, дехар дина хилла лазийначо.
Дарбан цIийне дIавуьгучу заманчохь дархо ведда, карара ваьлла.

Герз тоьхнарг лаьцна Кузнецовн урамехь, карарчу хенахь изоляторехь ву иза. Хулиганалла лелорна цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх диллина.

Дагадоуьйту, яхначу аьхка Санкт-Петербургехь Дагестанера ши вахархо лецира. Маьттазчу маттахь къамел дечу хенахь шайгара тIехволучо бехк баьккхича, уьрсаца тIелеттера и шиъ цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG