ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Урдун: паччахьан IабдуллахIан а, принцан Хьамзин а юкъаметтигаш, гарехь, толучу новкъа евлла


Урдун принц Хьамза (аьрру агIорхьара) шен ненаца паччахьан хIусамненаца Нурца
Урдун принц Хьамза (аьрру агIорхьара) шен ненаца паччахьан хIусамненаца Нурца

Урдун паччахьан IабдуллахIан а, цуьнан дена виначу вешин Хьамзин а гIоьртина юкъаметтигаш, гарехь, гIолечу йовлуш ю, пачхьалкхехь хьал галдаккха гIортарна принц бехке винчул тIаьхьа масех де даьлча. Цунах лаьцна хаам бо "Американ аз" зорбан гIирсо.

IабдуллахI ШолгIаниг а (аьрру агIорхьара), Путин Владимир а, ГIадужу-бутт 3-гIа, 2019 шо
IабдуллахI ШолгIаниг а (аьрру агIорхьара), Путин Владимир а, ГIадужу-бутт 3-гIа, 2019 шо

Болчу хамца, иштта жамI дан мегар ду оршотан дийнахь IабдуллахIан девешин Хьасанан а, Хьамзин а цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа. Хьасанан хIусамехь хиллачу оцу кхеташонехь дакъалаьцна Хьамзин вашас Хашема а, церан кхаа шичо а.

ТIаьхьо Хьамзас кехата тIехь дIахьедар арахецна.

"Кху тIаьхьарчу шина дийнахь хилларг тидаме а эцна, ас сайн кхоллам дIало Цуьнан Возалла Паччахьан кара", - дIахьедина принца, ша паччахьна а, Урдун Конституцина а муьтIахь вуьсуш хилар тIе а тухуш.

Цуьнца цхьаьна, оцу дийнахь хьалхо Хьамзас деш долу къамелаш чам боцуш дара. Цо дIахьедар динера ша чохь а соцур вац, Iедало шена оцу кепара омра деллехь а, нахаца юкъаметтигаш лелор а сацор дац ша аьлла.

Урдун официалан векалша бехке винера Хьамза Iедална дуьхьал "хIуьттаренна къайлаха барт барна", дийцарехь, юкъахь дакъалоцуш арахьара ницкъаш а болуш. Хьамзас иза харцдира, коррупцина а, эвсаре доцу куьйгалла дарна а дуьхьал хиларна хьийзош ву ша аьлла.

Хилларг дIанисдеш юкъарло лелочу паччахьан доьзалан доттагIчо Малик Р. Далана динчу дIахьедарехь аьлла ду, цхьаьнакхетар "кхиаме дIадирзина" аьлла. Цо дийцарехь, и инцедент дегаӀовжаме хилам бу, иза хилла "кхерамазаллан сервисан лаккхарчу даржехь волу белхахо хатӀ доцуш леларна а, Iедалхочо факташ харцхьа яхарна а".

Далана билгалдаьккхина «иза доьзалан чоьхьара гIуллакх санна диса дезаш" дара аьлла.

Associated Press агенталло бинчу хаамца, Далана юьйцург яра дIадахначу шоьтан дийнахь хилла инцидент - Урдун эскаран штабан хьаькам, Хьамза волчу а вахна, принцана цIера аравалар а, нахаца юкъаметтигаш лелор а дехкар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG