Британехь гучуяьлла керла, сиха яьржаш йолу коронавирусан штамм токхуш ву Оьрсийчохь 81 дархо, Къилба Африкан штамм хааелла ялханца. "Известия" хаамийн гIирсаца хиллачу къамелехь дина оцу кепара дIахьедар Роспотребнадзоран куьйгалхочо, Оьрсийчоьнан коьрта санитаран лоьро Попова Аннас. Арахьара чубаьхкинчу наха даржийна ду и ун аьлла, тIетоьхна Поповас.
Экспертийн зерашца Европехь нийса ах цомгаш болу нах Британин штамм хьакхаелла бу.
Оьрсийчохь кхин дIа оцу тайпа коронавирусан ун ца даржийтархьама Роспотребнадзоран урхалхочо хьехна, прививка яйтар а, пачхьалкхера дIаса ца вахар а.
Коронавирусан керла мутацеш гучуюьлуш ю Оьрсийчохь, Поповас дийцарехь, амма цара мел кхерам бохьу хаа, дуккха а талламаш бан дезар ду. Карарчу заманчохь, цо бахарехь, сагатдан бахьана дац.
Британехь а, цхьа могIа кхечу пачхьалкхашкахь а гучуяьлла керла, сиха яьржаш йолу коронавирусан штамм бахьана долуш низамаш чIагIдина дуккхаъчу пачхьалкхаша.
Стохка гурахь маса яьржаш йолу SARS-CoV-2 штамм Британехь хааеллачул тIаьхьа, коронавирусан мутацеша боккха сингаттам баьккхира.
Чиллан-баттахь Роспотребнадзоро дуьххьара дIахьедира, Британера Оьрсийчу цIа веанчуьнца коронавирусан штамм гучуяьлла аьлла. Ткъа Зазадокху-баттахь хааелира Къилба Африкан COVID-19 вирусан кеп.