ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магасерчу митингашкахь хиллачун цIийнах хьовсуш бу полисхой


ГIалгIайчуьрчу Сунжа гIаларчу ГалаевгIеран цIийнах хьуьйсуш бу тахана Iуьйранна ялх сахьт даьлчхьана полисхой, яздо "Интерфаксо". 2019-чу шарахь Нохчийчоьнца латтанаш хийцинчул тIаьхьа йолийначу митингашна тIехула гурахь дуьйна лаьцна ву меттигера вахархо Галаев Тимур.

ГалаевгIеран цIенна тIе боьду некъ къевлина бара тIеман "Урал" машенца а, "Газель" а, "Патриот" УАЗ автомобилашца а, - билгалдоккху агенталло шайн хьастана тIетевжина. Ши шо хьалха хиллачу протесташкахь ницкъахошна дуьхьло йинера бохуш, диллинчу гIуллакхна тIехула хила тарло аьлла хета цунна хIусамах хьийсар.

2019 шеран Зазадоккху-баттахь Магасехь гулам бохош хьийзинчу Iедалан белхахошна дуьхьал ницкъ баьккхина бохуш, бехкаш дохку Галаев Тимурна. Мехкан шахьарахь хIиттийначу акцешкахь полисхойх летта аьлла, бехкебечарех 42-гIа ву иза.

Ша Галаевс тIе ца лоцу шега кхийдон бехкаш. Майданахь хуьлучуьнга бIаьрг тоха веана вара ша, боху цо.

2019-чу шеран аьхка лецна гIалгIайн протестийн лидерш бехкебо экстремизман тобанехь хиларна а, 2019 шеран Зазадоккху-баттахь Магасехь гулам бохош хьийзинчу Iедалан белхахошна дуьхьал ницкъ баккхарна а.

"ГIалгIайн протестан" гIуллакх айдеш лецира 48 стаг, 30 сов стаганна кхайкхийна набахти.

2021-чу шеран Чиллан-беттан 26-чохь оццу девнаца доьзна лаьцна ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр лаьттина Погоров Ахьмад а.

Хьалхо бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало "Мемориал" яьккхина арахьарчу агентийн статусе, амма "Мемориал" къера ца хилла цунна – ред.билгалдаккхар)политикан тутмакхаш бу аьлла, билгалбехира Барахоев Ахьмад а, Ужахов Малсаг а, Мальсагов Муса а, Чемурзиев Барах а, Нальгиев Исмаил а, Саутиева Зарифа а, Хаутиев Багаудин а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG