ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 22 дархо, цомгуш хилла 361 стаг


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 22 пациент, вирус гучуяьлла кхин а 361 стагаца.

Iедалхойн хаамашца, Краснодаран кIоштахь кхелхина 12 дархо, Къилбаседа ХIирийчохь - виъ, ГIалмакхойчохь а, Дагестанехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а цхьацца стаг велла.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандемин муьрехь велла COVID-19 вирусах 8 701 стаг

Къаьсттина дукха ун даьлларш хаабелла тIаьххьарчу 24 сахьтехь Краснодаран кIоштахь.

Краснодаран кIошт̆ + 104 (43 122 – ун даьржичхьана )
Ставрополан мохк+ 98 (51 057)
Дагестан + 42 (31 346)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 38 (23 078)
ГIалмакхойчоь + 18 (20 116)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 16 (16 449)
Нохчийчоь + 13 (11 738)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 12 (19 779)
Адыгей + 11 (14 174)
ГIалгIайчоь + 9 (15 189)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирус къаьстина 246 048 стаг.

Оперативан штабан зерашца, Оьрсийчохь ву тахана, Охан-беттан 7-чохь, 4 606 162 дархо.

Оьрсийчоьнан официалан статистика юкъа эцна аннекси йинчу ГIирмера хьал а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG