Кремлехьа болу SERB болам сацадайта гIоьртина дкументалан кинон "Артдокфест" фестивало Москварчу "Октябрь" кинотеатрехь "ЦIехьа некъа" ("Дорога домой") фильм гайтар. Социалан машанашкахула хаийтина шайна новкъарло еш хиларх гайтаман куьйгалхоша.
Фестивалан фейсбукехла хоуьйту SERB боламан жигархой кинон экран тIе басар ласто гIерташ хьийзина хилар. Уьш басарш кегош, кечдеш Iачу хенахь кинотеатран хано духьало йина царна – видеокамераша гучубаьхна уьш.
Полици еана кинотеатре. Режиссера Ненашев Кирилла "МБХ медиа" редакцина ша еллачу интервьюхь бахарехь, провокаторша кхайкхина хилла полици – царна ца тайна фильман анонсехь "аннекси йина ГIирма" аьлла яздина дешнаш. Схьакхаьчна полици Iийра ша хIун дан деза ца хууш, боху Ненашевс.
Режиссера Манский Виталийс "Дождю" телеканална хаийтина SERB боламера 15-20 жигархо фестивална новкъарлоян гIерташ хиларх лаьцна. Кинохьовсархой резабоцуш маьхьарий бетта хIиттича, полицица цхьаьна дIабахана SERB-хой.
"ЦIехьа некъ" фильмах фестивалан сайто яздеш ма-хиллара, режиссера Лобач Артема бовзуьйту 28 шо долчу Павлан кхоллам – "ах-гIайренна аннекси йича", цигара украинахойн юьрта дIавоьду иза.
Хьалхо дов даьржира режиссеран Река Валерийн "Тийна аз" ("Тихий голос") фильмана гонаха. Нохчийчьура веддачу гейх лаьцна ю иза. Кхерамаш тийсинчул тIаьхьа дIаяьккхина фестивалан программера.
"Оьрсийчоьнан Цхьаалла" партерчу депутата Милонов Виталийс фестивал хIоттийнарш жоьпе озор дехна "Тийна аз" бахьанехь экстремизмалла толлуш. Цуьнан лаамца ФСБ-но зуьйр ю "Артдокфест".
- Документалан кинон "Артдокфест" фестиваль йолаелла Охан-беттан 2-чохь, лаьттар ю 9-гIа де тIекхаччалц. Изза денош ду цуьнан фильмашна къастийна Петербургехь а. Охан-беттан 7-чохь гучудаьлла Нохчийчоьнний, ГIалгIайчоьнний юкъара доза къастош 20I8-чу шарахь иккхинчу конфликтах йолу Калмыкова Маьянин "Доазув/Доза" фильм а гайтамна юкъаръяьккхина хилар.