Нохчийчохь "хIума хууш йолу" кхо яхархо лаьцна. Шайн клиенташца цхьаьна бехкаш баьхна цаьрга мехкан телевизионехула.
"Шайн клиенташка шаьш мехах хьовзамех мукъабохур бу, доьзалера дахар дIанисдийр ду, баьхна цара, сардам хьарчош а хьийзина", –хаам бо ЧГТРК "Грозный" телеканало.
Лецнарш бу зударий - Веданара шиъ а, Хьалха-Мартанара цхьаъ а. Цаьрца къамел дина Исламан медицинан центрерчу говзанчас Эльжуркаев Адама.
Телерепортажо бахарехь, къамелах декъашхой кхетта, шаьш гIалат хилар даре а дина, нах шайна къинтIера а баьхна.
- "ХIумахуурш" Iорабахар дуккхазза а хьехийна Нохчийчуьрчу Iедало 2021-чу шеран Дечкен-баттахь а, Чиллан-баттахь а, дерриг а 2020-чу шарахь а. Палтасархой лецар долийра масех шо хьалха. Лецнарш дукха хьолехь видеокамерашна хьалха къера хуьлу шаьш харцо лелийна бохучунна. "Терроризмал а, наркоманел а кхераме" ду цара дийриг, олий гойту уьш дукха хьолехь.
- Некъан низам дохийнарш нахала бахар а ду Нохчийчохь даьржина. Охан-баттахь виъ хьалха-мартанхо емалвира ловзаргахь машенаш вовшах а етташ, хьуьнар къовсарна.