ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь дина тIеман зуламаш талла дагахь бу Ичкерин агIончаш


Соьлжа-ГIала тIом боьдуш, 1996 шо
Соьлжа-ГIала тIом боьдуш, 1996 шо

Оьрсийчоьно эскарша Нохчийчохь дина тIеман зуламаш талла йолчу Iалашонца Нохчийн къоман цIарах кхел кхоьллина шаьш аьлла, дIахьедина дозанал арахьа куп тоьхначу дуьнено къобалйина йоцчу Ичкерин Iедалан хьалханчас Закаев Ахьмада.

Цо дийцарехь, шен куьйгалхо а, могIара исс кхелахо а, прокуроран аппарат а хир ю кхелан, ткъа белхан декъаузур бу «дуьненна а бевза эксперташ».

Хьукматан Iалашонех лаьцна иштта дуьйцу Закаевс:

«Оьрсийчоьнан эскарша, цуьнан инарлаша бинчу тIамо зенаш дина дукха нах бу Нохчийчохь, байна нах бу, байъинарш бу эзарнашкахь, йохийна ярташ. Дуьненахь лелаш долчу низамашна тIе а тевжаш, ваьш тIелаьцначу низамашна тIе а тевжаш, бан беза кхелан сацамаш а беш, цара бинчу сацамашна тIехь зуламхой жоьпе боьхур бу дуьненаюкъарчу урхаллашкахула».

Цул совнах, нохчийн къоманна тIаьххьарчу бIешерашкахь, Оьрсийчоьнан паччахьашна тIера охьа тахханалц зуламаш дина нах а билгалбохур бу кхело, ткъа бина болх бовзуьйтур бу арахьоьцучу жайнешца, аьлла Закаевс.

Цуьнан хаамца дозу «Нохчийчоьнан Ичкери Республикехь динчу тIеман зуламашкахула йолчу кхелан» куьйгалхочо «Чечен-прессехула» даржийна дIахьедар а. Оцу дарже хIоттийна юрист, Ичкерин парламентехь депутат лаьттина волу Гериханов Ихван.

Цо шен дIахьедарехь хоуьйту ша а, шеца цхьаьна болх бинчу юристаша а Нохчийчохь тIеман муьрехь дина зуламаш толлуш боккха болхбина хилар а, иза бовзуьйтуш шаьш еа томах лаьтта книга арахецна хилар а.

Дуьззина дуьненаюкъара низамаш лар а деш, цуьнан лардашна тIе а тевжаш бийр бу шен болх кхело, билгалдоккху Герихановс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG