ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францино Оьрсийчу депортаци йина нохчочунна. Хьалхо цо протест кхайкхош шен гай датIийра


Францера Оьрсийчу дIахьажийна Нохчийчуьра мухIажар Гадаев Мохьмад. Иза хIинца Оьрсийчохь ву. Ша депортацин лагерера кемана хаон масех сахьт дуьсуш, протест кхайкхош, шен гай цистира цо.

Нохчийн мухIажарца кема охьадоьссина Шеремтьево аэропортехь Охан-беттан 9-чохь, хаам бина Кавказ.Реалиин корреспонденте цуьнан зудчо Джанната. Цо бахарехь, Москвара телефон тоьхна цо.

Iуьйранна нохчийн тоба яханера Гадаев лаьцна латточу депортацин лагерь лаьттаче, цара доьхура пачхьалкхе цунна депорт цаяр, амма гулбеллачарна , пандемин карнтинан хьелаш талхорна гIуданаш диттина.

  • Гадаев Мохьмад "Барт Маршо" боламан урхаллин а, "Европерчу нохчийн ассоциацин" а декъашхо ву. Францойн хьехархо Пати Самюэль вийча полицино алссам тергоне эцначу нохчийн деаспорех хилар дара 2020-чу шеран ГIадужу-баттахь иза лацар.
  • Цул тIаьхьа Гадаев депортацин лагере хьажийра. Цунна коронавирус кхетарца доьзна сацийра цуьнан депортацех йолу процесс. ТIаьхьо хиллачу кхело юхаяьккхира депортаци: адвокат Тулуз Арнос тоьшаллаш далийра Гадаев Оьрсийчохь набахтехь хьийзийна хиларх а, кхечу наханна тIехь доцург кхолла декхаревеш таIзарна бухахь валлийна хиларх а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG