ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш кхин а тIе чIагIъярехьа ву Европарламентан куьйгалхочо


Вебер Манфред
Вебер Манфред

Нагахь санна, малхбалерчу Украинера конфликт кхин тIе а яржахь йа колонехь латточу Навальный Алексейн могушалла талхахь, Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна санкцеш кхин тIе а чIагIъян оьшу Евроберто а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а. Оцу кепара дIахьедар дина Европан халкхъан партин куьйгалхочо Вебер Манфреда Funke медиагруппана еллачу интервьюхь.

Европарламентан фракцин урхалхочо билгалдаьккхина, Москвано шен кхераме питанаш кхин дIа а лелош хилар. Украинан дозана гергахь Оьрсийчоьнан эскарша куп тохар- Малхбузе зер ду аьлла хета Веберна.

Керла тоха леринчу санкцийн гурашкахь тарло Оьрсийчоьнан олигархийн кхечу пачхьалкхаашкарчу чоьташ тIера ахчанаш совцон, Оьрсийчоь SWIFT банкан системех дIахадо а аьлла политика. Оьрсийчоьнан "Северный поток-2" ("Къилбаседа аса-2") газан биргIа Германе кхачор а сацон а тарло.

Хьалхо Bloomberg агенталло хааме даьккхира, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран уллорчу гонашкарчу нахана дуьхьал санкцеш яхар дуьйцу Вашингтоно аьлла. Цул совнах, Американ зорбанашкахь яздарца, Штатийн Iедалхоша масех оьрсийн дипломат пачхьалкхера араваккха а тарло.

Цунна дуьхьал жоп луш, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс дIахьедира, Цхьанатоьхначу Штаташа мостагIаллин муьлххачу яьккхинчу гIулчана дуьхьал шаьш жоп лур ду аьлла.

Донбассера конфликтан зонера хьал, маслаIат а дохош, карзадаьккхира Зазадокху-баттахь. Украинаца лаьттачу дозане Оьрсийчоьнан эскарш ду тIеузуш бохуш, дуккха а хаамаш кхочу.
Цхьанна а кхерамаш ца бохьу оцу эскарша бохуш, чIагIонаш йо Оьрсийчоьнан Iедалхоша.

Германин канцлерца Меркель Ангелаца хиллачу къамелехь Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира билгалдаьккхира, шайн кхерамзалла Iалашъярхьама Москвано лелон барамаш бу уьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG