Москварчу пачхьалкхан юридикан академера 22 шо долу лаборант лаьцна, харцхьа лелаш, коьрта шахьаран центрехь эскархочунна-майорна еттарх йолчу шеконца.
Хьалхо 42 шо долчу майора арздина хилла, шена йиттина аьлла. Цо дийцарехь, вевзаш воцчу стага, цхьа а бахьана а доцуш, бетах шозза тоьхна цунна, кагбина мара, корта талхийна, "кхин а цхьацца меттигаш а" лазийна, яздина хаамийн "Москва" агенталло.
Лаьцначу дагестанхочо тIеэцна шена зулам дарх болу бехк. Дов гIаттийна майоран могашаллина зен дарна.
- Хьалхо Птербургехь лийцира цигарчу йохк-эцаран центрехь герз детташ летта нах. Нохчийчуьра а, Таджикистанера а бара уьш.
- Зазадоккху-бутт бовш хаам баьржира Москвахь Дагестанера схьабевлла нах латарх дуьйцуш. Конфликтехь вийра Таджикистанера волу цхьа стаг, масех кхачийра дарбан цIеношка.