ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францино депортаци йинчу Гадаев ненан цIийнах хьаьвсина Нохчийчуьра ницкъхой


Закан- Юрт
Закан- Юрт

Францера депортаци йинчу мухIажаран Гадаев Мохьмадан ТIехьа-Мартанан кIоштарчу Закан-Юьртахь ехачу ненан цIийнах хьаьвсина кадыровхой. ДIахьедина, тхов тIехь шайна маса-топ карийна аьлла.

Закан-Юьртарчу ненан хIусамехь Гадаев хиланза 11 шо ду, хаам бина Кавказ.Реалиига цуьнгахь хиллачу зудчо ПетIамата.

"Герз Мохьмадах хьарчо бохку уьш [ницкъхой], бехк кхолла бохку. Францехь мухIажар ваьлла вехачу цо муха дIалур дара герз, цIа а вахана, тIаккха муха юхагIур вара? Боккха бала бу бохьуш берг", – аьлла зудчо.

Хьалхо "Мемориал" центран (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн статусе яьккхина "Мемориал", амма "Мемориало" тIе ца иза - ред.). куьйгалхочо Орлов Олега хаам баржийра, Гадаевна дуьхьал Охан-беттан 10-чохь бехктакхам айбина низамца доцчу кепехь герзаш лелорна, аьлла.

  • Францехь лецира Гадаев Мохьмад Охан-беттан 8-чохь, иза полице вахча. ХIора денна лелаш вара иза цига, ша депортацех хьалхавоккхуш кхело бина сацам кхочушбеш: адвокато тоьшаллаш далийнера цунна Оьрсийчохь ваха кхераме хилар тIеччIагIдеш.
  • Амма кхелан сацам а ца ларбеш, Францино экстрадици йина цунна. Хьалхо ша депортацин лагерехь сацийча, протест кхайкхош, шен гай цистира Гадаевс.
  • Москва дIакхачийча, "Шереметьево" аэропортехь ФСБ-н белхахоша сацийна латтийра иза, адвокаташа а, юкъаралхоша а сахьташ дехира иза дIахецаре хьоьжуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG