ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша туька а, чуьра нах а лоьлхуьйту, бохуш хьийзина вахархо БуьритIехь


Бедарш юхку туька а, цу чуьра 4 белхахо а, пхи чувеана стаг а закъалте эцна Iийна вахархо лаьцна БуьритIехь. Оцу хьокъехь Кавказ.Реалиига хаийтина меттигерчу хьасташа.

Хьалхо, Охан-беттан 12-чохь гIалин юккъерчу базарахь лаьттачу туьканна чуиккхина хилла иза, ша итт кийла тротил оккхуйтур ду аьлла.

Меттиг гонелаьцна полицино, даьхкина цига орцан дакъош а, сихха гIо кхачочу медицинан машенаш а. Базарара кхерамзаллечу метте арабаьхна луларчу туьканашкара йохк-эцархой.

Кавказ.Реалиигахь йолчу информацмца, хиламехь зен хилла вац цхьа а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG