ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дудаев вуьйчу операцехь дакъалаьцна нохчо хIоттийна Москвахь Башкирин векал


Оьрсийчоьнан президентанна гергахь Башкирин векал, оцу мехкан премьер-министран гIовс хIоттийна Дагестанера нохчо, ФСБ-н инарла-майор Ханалиев Iумарпаша.

Шайн мехкан министрийн кабинетна керла векал вовзуьйтуш, Башкирин куьйгалхочо Хабиров Радийс билгалдаьккхира, Ханалиевн Москварчу шайн векалтехь хийцамаш бийр бу, аьлла. Оцу хьокъехь хаам бина РБК-но.

Ханалиев Iумар-Паша ФСБ-н инарла-майор лаьттина ву, «Оьрсийчоьнан Турпал» цIе елла цунна, дакъалаьцна Нохчийчуьрчу шина а тIамехь.

Официалехь йоцчу информацица, турпалхочун цIе цунна елла 1996-чу шарахь Нохчийчоьнан Ичкерин президент Дудаев ЖовхIар вуьйш жигара дакъалацарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG