ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан-Латвин доза хадо гIортарна набахте хьажийна ши нохчо


Псков-махкарчу Пыталово кIоштан кхело Нохчийчуьрчу шина вахархочунна исс-исс шераш кхайкхийна набахтехь такха, низам а дохош, Латве кхача гIортарна.

2020-чу шеран Лахьан-баттахь иккхина хилла и инцидент. Дозанна 200 метр гергахь лаьцна и шиъ эскархоша, ца хилла цаьрца пачхьалкхера арабовла бакъо луш долу документаш.

  • Хьалхо хаам баьржира, Литуван дозанхоша 19 нохчо лаьцна дозанна уллерчу Шальчининкайн хьуьнхахь, аьлла. Пхи стаг а, йиъ зуда а, бераш а Беларусехула кхаьчнера оцу махка.
  • Европан пачхьалкхашка нохчий дIакхалха буьйлабелира Нохчийчохь шолгIа тIом иккхича (1999-чу шеран Iай дуьйна). Официалехь йоцчу информацица, Европан Бартан мехкашкахь хила тарло 200 эзар сов нохчийн мухIажар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG