ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гадаев:"Оьрсийчу юхавоьдучул а валар гIоле ду". (2-гIа дакъа)


Гадаев Мохьмад
Гадаев Мохьмад

Гадаев Мохьмадна депорт яле хьалха Кавказ.Реалиин корреспонденто къамел динера цуьнца, федералан эскаршна дуьхьал тIом бинчул тIаьхьа цо набахтехь хан яккхарх а Умарпашаевн гIуллакна тIехула ша теш муха хилла а, Францехь шех Iиттаделлачу зуламех а.

- Францехь ахь мухIажаран статус ехнехь, хьуна депорт ян бакъо яц. Дуьххьара хьуна негатив а кхаьчна, ахь цунна латкъам бой, тIаккха а ара ца воккху цара хьо шайн пачхьалкхера. КхозлагIа а негатив йогIий, тIаккха цхьа а дуьхьало а йоцуш, хьуна депорт йойла ду церан. Сан кхо негатив ю. Европерчу адамийн бакъонийн кхелан сацам бахьана долуш сецна лаьтташ ду сан гIуллакх.
Кеп-кепара низамаш а, барамаш а бу Францехь. Нагахь санна, стаг Францина кхераме ву аьлла, дIакхайкхавой, оцу стагна тIехула префектан цхьана гIалатна бен бакъо яц.

- Кест- кеста хеза Европерчу нохчашкара бехкаш дохуш, шайн проблемаш буй-тIараца ерзон гIерта уьш, бохуш. И хьал муха хуьцийла ду?

- Юкъараллан гIуллакххо суо хиларе терра, ас даим а сецабо кегий нах нарколидершца къийса арабовлучуьра. Ас олу, полици ю, цига дIахьеде. Наркодилершца къамелаш дан шун гIуллакх дац, нагахь санна, уьш шу чу а баьхкина, шун доьзалийн коча оьхуш бацахь, царна анаша юхкуш уьш бацахь олий, кхетабо ас. Кхузахь Iедал ду, полици а ю, цара къастор ду, шун гIуллакх дац олий. Аш ала мегар ду: "Кегийрхой, дIагIойша кху кетIара".

Нагахь царех кхузахь бIаьрг кхеттий, телефона тIе дIа а яздай дерриг а, полици дIахьажае видео. Полицино шайн декхарш кхочуш ца дахь, кхин а цхьа орган ю - "полицина тIехь лаьтта полици".

"Дуьххьара со Франци кхаьчча со а вац кхеташ, со стенгахь ву.  Нагахь цхьаъ хьайна товш дацахь, дIагIохьа Туркойчу, йа кхечу бусулба пачхьалкхе, СаIуда Iаьрбийчу, цигахь вахахьа

Оцу лакхарчу инстанцига хьайн вовшахтоьхна материал дIаяхьийта йиш ю хьан. ДIогарчу полисхоша болх ца бо, наркодилерш цара совцош бац аьлла.
Нагахь санна, вовшех летта меттиг нислахь а, полици а гIой, арз чу ло.
Изза ду Мохьмад Пайхамарна ехкинчу карикатурашца дерг а. Францин Iедало доьхкуш дац дин а, стагана деза хетарг а емалдан. Европе баьхкинчу массо а нохчашка кхайкхам бо ас, шайн культура кхарна тIейожо ма гIерта, шайн уставца нехан монастырь чу ма гIерта, бохуш.
Ламаз дойту хьоьга - хьайн чохь дехьа иза. Оьшуш ма дац ламазна некъа юккъе дIа хIотта, оцу гIуллакхна лерина меттигаш ма бу, ур-атталла, школашкахь а цхьана.

Хьайн са дадийна веана ма ву хьо - хьайн дахар лардехьа, хьо ларвийр ву. Iилма карадерзаде, нагахь санна, наркодилеро хьуна новкъарло йой, дIахаийтахьа полицига. Итт минот, мел дукха Iийча а, 40 минотехь полисхой схьакхочур бу-кх. Бакъ ма дац, полици кхайкхича ца йогIу бохург. Тергамза дитиний полицино, и дерриг а видео тIе дIа а яздай, полици гIохьа, и чу яла, адвокате вала.

Дуьххьара со Франци кхаьчча со а вацара кхеташ, со стенгахь ву. Нагахь цхьаъ хьайна товш дацахь, дIагIохьа Туркойчу, йа кхечу исламан пачхьалкхе, СаIуда Iаьрбийчу, цигахь вахахьа. Европа шена ма-хетта ехаш ма ю. Мила, муха лела веза бохуш, кхарна хьеха оьшуш ма дац.

Ас сайна говзалла къастийна. Юкъараллан гIуллакххо хила лууш ву со. Соьга-м муьлхха а болх балур бара. ГIишлошъярхо, муьлхха а болх бан хууш ву со. Францехь итт шо доккхуш ас дукх Iамийна кхеран низамаш. Францхойн а, оьрсийн а, нохчийн а. Зуламан кодекс а дика евза суна, хьанна а дала хьехар ду сан, муха къовса деза, маца, хIун дан деза хаьа суна.

"ХIора багах даьллачу дашах жоп доьхур ду кадыровхоша

– Францхойн набахте къаьсташ ю Нохчийчохь йолчех?

- Къизаллаш лело а, етта а - Нохчийчуьрчу набахтешкахь белхахой декхаре хуьлу ишта лела. Дуьххьара со дIалаьцначу заманчохь, ФСБ-ра цхьа стаг вара массо а хIуманан терго латтош. 2006-чу а, 2009-чу а шерашкахь а, нагахь санна, хьан дика юкъаметтигаш йолуш нах белахь, цхьаъ далора. Бакъоларъярхой бара, дийна яра Эстемирова Наталья (Соьлжа-ГIалахь болх бина Оьрсийчоьнан бакъаоларъярхо.-редакцин билгалдаккхар), цаьрга гIо далора.

Амма тахана хьал дукха ирча ду. 2000-чу шерийн юьххьехь Чернокозовехь муьлххачунна а тоха а, иза вен а тарлора, цхьанггара а жоп доьхур дацара.

Францерчу набахтехь, ахь цхьаъ шайга ехахь, хадархоша жоп ло хьуна: аьтто бац, бакъо яц, бехк ма билла. Хьоьца дика хуьлу уьш. Амма депортацин набахтехь хIинций-хIинций дIало-кх хьо бохуш, кхерам лаьтта.

Нагахь санна, стаг цомгаш велахь, заьIапхо велахь, когаш лелаш бацахь, иза вехка а вихкина, кемана тIе хаон тарло-кх.
Шаьш лелориг нахала доккхуш болу бакъоларъярхой шайн бIаьрга бахка ца беза набахтен белхахошна.

Кхузахь коьрта ду - хьан зIенаш хилар - ас даим а журналисташка телефон тухура, набахтера а цхьана. Къайлахчу сервисаша жоьпалла шайна тIера дIа а доккхий, мухIажарш Нохчийчу дIахьовсабо. ТIаккха нохчийн Iедалхошна тIетоьтту бехкаш: царна тIехь ду жоьпалла, циагахь ларъеш яц къепе олий.

Ас векалалла яздина адвокатехула, нагахь санна сайх цхьаъ хилахь, цхьа накъост ву сан метта къуьйсур долуш. Ас чIагIо йина, сайн ма-хуьллу дуьхьало латтор ю ас, нагахь, со бертаза пачхьалкхера аравоккхуш хилахь а.

Кхузахь набахтехь Iийча гIоле ду суна, со сийсазвеш, вен хьийзош, нуьцкъаша сан доттагIашна дуьхьал харц тоьшалла соьга дойтучул а. Соьгара даьллачу хIора дашах, ас фейсбукехь мел язйинчу постах жоп доьхур ма ду соьга кадыровхоша. Бохур ду: "ЦIа вола бехирий хьоьга? Европано хьо Iалашвийр ву моьттура хьуна?" ХIан-хIа, кхузахь валар тоьла суна, Оьрсийчу юха воьдучул а. Со тоххара бертаза араваьккхина хир вара пачхьалкхера, сан гIуллакх нахала ца даьллехьара, шуьгахула а цхьана.

Адвокатца а аьтто хилла сан. Iаламат даггара лелаш юрист ву иза.
Масех кхелехь тоьлла иза, хIинца а суна тIехIоьттина Iаш ву.
Хьо пачхьалкхера арвоккхучу хенахь, хьуна цIахь кхерам буй, адвокатан бакъо ю Европерчу кхеле маса 39 параграфца кехаташ чудала, хьуна кхерам хиларх. ЕСПЧ-но хеттарш до, цунна депорт ян хьийзачу пачхьалкхан Iедалхошка.

Цкъа сан доттагI дIавала бакъо еллера Европан кхело. ТIаккха адвокатна досье карийра, францхоша Оьрсийчоьнан консуле дIахьажийна йолу. Ишта гучуделира, и стаг баккъал а хьийзор волуш хилар. Адвокато Европерчу кхеле хьовсийра кехаташ, иштта депортаци юкъахъяьккхира. И бохург хIун ду, Францин Iедалхоша тарло оцу стагах лаьцна Оьрсийчоьне цхьа информаци яла, ткъа Еврокхеле - кхиниг.

Цара цIа мел хьовсийначарна дуьхьал баьхкина ФСБ-н белхахой хуьлу, цара хеттарш до, цуьнан гергарчаьрга телефонаш етта: "Билет эца, оха Нохчийчу дIавоуьйтуш ву иза" бохуш.

Нохчийчохь а дуьхьал еана полици хуьлу, цхьаверг дIавохуьйту, цхьаверг ца вохуьйту. Официалехь документ кечдо, и стаг маьрша витина аьлла. Юха буса, йа сатосучу заманчохь лачкъаво, ишта вов иза. Ткъа къайлахчу сервисаша шайна тIера жоьпалла дIа а доккхий, мухIажарш Нохчийчу дIахьовсабо. Нохчийчуьра Iедална тIе туьтту бехкаш, цигахь къепедацарш ду, уьш шайн махкахь бу, цара вийна олий.

*****
Францино депорт йина Гадаев Мохьмад Охан-беттан II-чохь Кера Уренгойн полицин декъо Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахошка дIавелира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG