Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шогачу дешнашца дIахаийтина шена ца лаьийла набахтехь кхобучу Оьрсийчуьрчу оппозиционере Навальный Алексейга Къуръан дIакхачадойтийла.
Цунна хетарехь, тутмакх "шен политикан Iалашонца гIерта Дезачу жайнах пайдаэца, цо, шеко а йоцуш, провокацеш ярхьама лелор ду цу тIера аяташ, иза дан Iаьмначу Европехь а санна".
Къуръан тутмакхе дIадала мегар ду, нагахь санна цо басалба дин тIеэцнехь, яздина Кадыровс шен телеграм-каналехь.
Цо доьху набахтин белхахошка Навальныйга Къуръан ца кхачийтар, цуьнга "динашна юкъа мостагIалла цадиллийтар".
Хьалхо хаам баьржира, Навальныйс №2 набахтин администраци кхеле елла, шега цо шен долахь йолчу книгашна юкъара Къуръан дIа ца кхачорна, аьлла. Оппозиционеро бахарехь, цуьнан книгаш толлуш ю экстремизмаллина.