ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Малхбузерчу шен дозанашка оьзна Оьрсийчоьно ши арми а, десантан кхо цхьаьнакхетаралла а


Оьрсийчоьно шен эскарийн ши арми а, тIеман десантан кхо цхьаьнакхетаралла а кхачийна пачхьалкхан малхузерчу дозанашна герга, дIахьедина Оьрсийчоьнан тIеман министра Шойгу Сергейс шинарин дийнахь. Североморскехь буьйранчийн кхеташо дIахьош ву Шойгу.

Интерфакс агентство даладо тIеман министран дешнаш: "Iаморан-бIаьхойн Iалашонаш кхочушъян хьажийна эскарш оцу кIошташка. И гIулч яьккхина, Шойгус бахарехь, НАТО-н агIор иккхинчу кхерамна дуьхьал. Эскарша шаьш кхоччуш пачхьалкханна кхерамзалла латтон кийча дуйла гайтина, аьлла министра.

Эскарш зер доьрзур ду шина кIиранна чохь. Шойгус билгалдаккхарца, зераш дIахьош, эскарш Оьрсийчоьнан Федерацин махбузерчу дозанашка Iамо хьовсор доьрзур ду шина кIиранах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG