ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши оьмар кхачаяллалц набахтехь Iийр волчу амир "Магасна" кхоалгIа кхел ю еш


Ростоврчу тIеман кхело листа долийна ГIалгIайчуьрчу Тазиев Iелин (амир "Магас") кхоалгIа бехктакхаман дов – иза ишта а ву хьалха йинчу шина кхело хIоразза а велла дIаваллалц набахтехь кхаба кхачийна. Масех терроран тохар дарна, ГIалгIайчохь президент лаьттинчу Евкуровна кIело ярна бехке а веш, оьмар кхачаяллалц иза маршонах ваккха сацам бира йинчу кхелаша.

ХIинца Тазиев Iелина бехкедо тIеман гIера "Вилайат ГIалгIайчоь" ("Кавказ Имаратан " гIалгIайн сектор) кхоллар а, бандтобанашна коьртехь латтар а, полисхойн а, эскархойн а дахарна тIекховдар а, нах байъар а, шен долахь боцу бахам хIаллакбар а, герзаш лелор а, бомбанаш яр а.

"Магаса" ша Ростоврчу тIеман кхелах ца теша, бехккъасторхой декъахь а болуш кхел шена тIехь яр дехна. Шена оццу кхело валлалц набахтехь кхаба 2013-чу а, 2015-чу а шерашкахь сацамаш тIеэцна хиларца дузу цо шен дехар, яздо "Коммерсанто".

Цул сов Тазиевс доьхура шена кхел ша зуламаш дина боххучу махкахь яр.

Амма кхело тIе ца эцна тутмакхан цхьа а дехар, Охан-беттан 27-чохь гуллур бу Ровтовра кхелахой, дов талла долош.

Талламан версица, 2007-чу шеран ГIадужу-беттан юьххьехь Тазиев Iела хIоьттина "Вилайат ГIалгIайчоьнан" коьрте, Iалашо хилла Оьрсийчоьнан цхьаалла а йохош, йозуш йоцу ШарIан пачхьалкх кхолла.

  • Ша 2010-чу шарахь лаццалц тIемалойн баьчча хилла ву Тазиев Iела. Валлалц йолу хан токхуш ву Соликамскерчу "Белый лебедь" набахтехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG