ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ХIунда ца веза хьуна Путин?" Политикана тIехула дIаяьккхина студент


Иноземцева Вера
Иноземцева Вера

Астраханерчу пачхьалкхан университетехь (АГУ) доьшучуьра ша дIаяккхар кхелехь къуьйсу 22 шо долчу Иноземцева Верас.
Дечкен-беттан 23-чохь Навальныйгахьа хIоттийна митинг йирзина масех де даьллачул тIаьхьа университетан ректоро Маркелов Константина социалан машанарчу "ВКонтактехь" яздира, акцехь дакъалаьцна студенташ дIабохуш бу аьлла: "Шуна хаьий, Дечкен-беттан 23-чохь хиллачунна тIехула масех тхан доьшийлан студентна таIзар дира административан барамехь. Кхо студент доьшучуьра дIа ца ваьккхича ца бевлира университетан куьйгалхой чоьхьарчу урхаллин гӀуллакхаш шайн лаамехь лело бакъо йолчу студенташца цхьана. Дог а лозуш, куьйг яздира ас оцу буьйрашна, хIунда аьлча, хIоранна а айса сагатдарна. Делахь а, низам - низам ду. Тхан чоьхьарчу белхан къепаца а догIуш, оцу нахаца Iодика ян декхаре дара тхо. Ша лакхарчу доьшийле юхаметтахIоттаяйта чуеллачу искна дуьхьало йира Иноземцева Верина Зазадокху-баттахь. Свобода Радиоца хиллачу интервьюхь иштта къамел дина жигархочо.

- Муьлхачу факультетехь доьшуш яра хьо?

- ШолгIачу курсан магистратурехь яра со социалан коммуникацийн "Политология" факультетехь. Ах шо диссинера сан дешар чекхдаккха. Со деша дIахIуттучу хенахь хиллачу экзаменехь элира ас, Оьрсийчоь дикачу агIор хийца Iалашонца хаьржина ас хIара политологи. Экзамен схьаоьцу комиссин декъашхой дог дика къежира суна, цкъа хьалха проблема йовза еза, цул тIаьхьа иза ерзон оьшу аьлла.

- Университетан ректоро Маркелов Константина жоп ца делира Свобода Радионо комментарий йоьхуш, шега дахьийтинчу кехатана. Бакъду, шен позици къастош "ВКонтакте" социалан машанахь охьаязъйина цо. Со жимма цецваьккхира, АГУ-н ректоро, Дечкен-беттан 23-чохь хиллачу митингехь дакъалацарна дIабаьхна и студенташ аьлла, ма-дарра яздарна. Кест-кеста нислора политикан жигараллина тIехула студенташ дIабохуш, амма тоххара цхьа формале бахьанаш оьшура цхьаъ дIаваккха.

"Харцонца цхьанна тIаьхьабевллехь, цуьнан хьежамаш хьайна товш бацахь а, цуьнгахьа гIо докхуш хила веза

- Оцу хиллачо со а цхьана цецъяьккхина. Дечкен-беттан 23-чохь йолаелла хIара истори, хIетахь дуьйна хIора кIиранах цхьацца хIума хуьлура соьца, цо гуттар а чIогIа инзаръйоккхура со. Дечкен-беттан 23-чохь Навальный Алексейгахьа хIоттийначу митинге яхара со Астраханерчу коьртачу майдана. Навальныйх лаьцна ойланаш кеп-кепара хуьлийла ду, амма, цхьа а дIалаца бакъо яц, аэропортехь лаьцна иза санна, полицин декъехь кхел хIоттон мегар дац, бух боцуш бехкзуламан гIуллакхаш гIийтто а мегар дац.
Навальныйгахьа яьлла ца Iара со митинге, репрессеш лелочу нахана тIехIоттан Iалашо а яра сан. Харцонца цхьанна тIаьхьабевллехь, цуьнан хьежамаш хьайна товш бацахь а, цуьнгахьа гIо докхуш хила веза. Цул совнах, 23-чохь со митинге яхара, уггар а хьалха, лецначу кхечарна гIо дархьама.
Протокол а хIоттийна, суна 10 эзар сом гIуда туьйхира. Дечкен-беттан 27-чохь оцу административан гIуллакхна тIехула кхел хилира. Дечкен-беттан 29-чохь деканатера телефон туьйхира соьга, Zoom-ехь цхьана а кхетта, дистхила деза аьлла.
Лакхарчу доьшийлан администрацин векалша хоьттура соьга, Iедалхошкара пурба доцуш хIоттийначу митинге хIун Iалашо йолуш яханера хьо, бохуш. Уьш кхето гIертара со, "бакъо йоцуш хIоттийна митинг" боху кхетам бан а бац, бохуш.
Ас дуьйцучуннав коьртеш а теIийна, цул тIаьхьа боху: "Оха хьо дIаяккха там бу". Университетан белхахоша элира, шайга диллина кехат кхаьчна, Дечкен-баттахь хиллачу митингехь дакъалацарна административан жоьпалла тIедожийначу студентийн цIераш билгалъйохуш, аьлла. Цу тептарехь со а ю элира цара. ТIаьхьо хиира суна, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера хиллера и кехат. Оццу дийнахь соьца цхьана доьшучу бераша со дIаяккхар омран суьрташ тийсира суна. ТIаккха гира суна, "дог а лозуш" дIабаха дийзира шен и студенташ аьлла, ректоро язйина пост.
Дечкен-беттан 30-чу дийнахь лаам хилира сан, университетна арз дан кхеле, хIунда аьлча, дешарна мукъабевллачул тIаьхьа студентийн юкъараллан а, политикан гIуллакхна тIехула уьш дIабаха бакъо яц. Цул соанх, Дечкен-беттан 23-чохь хилла митинг студентийн Iаьнан мукъаденош долчу заманчохь хилла яра. Зазадокху-беттан 18-чохь кхел хилира сан. Тхан тIедахкарш кхочуш ца дира цигахь. ДIаваьккхинчу шолгIачу студентан векал со а йолуш, кхел хилира Зазадокху-беттан 19-чохь. Федералан "Дешарх" лаьтта низамца бIостане йолу университетан чоьхьарчу белхан къепе ларахьара бохуш, дехарш дира оха. Университетан чоьхьара низамаш цхьа даьржина, къаьсташ доцуш ду. Оцу тIехь а дуьхьало йира тхуна, хIинца апелляци кечъеш ду тхо. Со кийча ю Лакхарчу кхеле а, Европан бакъоларъяран кхеле а цхьана яла.

- Дика доьшуш ярий хьо АГУ-хь?

- Цхьана а кепара объективе бахьанаш дацара университетан со дIаяккха. Магистратурехь тIех дика доьшуш яра со, лаккхара стипенди а оьцура ас. Жигара дешархо яра со, массо а цхьанакхетарехь дакъалоцура ас, масала, "Единая Россия" партица цхьанакхета а еара. Хетарехь, царна ца хуучу, кхечу позицех уьш кхетон а гIиртира со. Декано сох лаьцна дийцира, "арахьара бечу Iаткъамна тIера ю", "дешарехь дебатийн, къийсамийн инициатор яра, шен оппоненташна хетарг тергал ца до" аьлла. Ишттачу дIахьедаро со цхьа шпион йа арахьара агент ю моттуьйту, ма-дарра аьлча, со йиллина, дог цIена адам ду, ас даим а ладугIу сайца къамел дечаьрга. Дискуссешкахь суна ладугIуш хаза хета, айса къамел дечул а.

- Политикан хьежамашна тIехула АГУ-ца цкъа а проблемаш хиллерий хьан?

- Бакалавриат ас дикачу жамIашца чекхъяьккхира оццу доьшийлехь - математикан а, информационан технологийн а факультет. 2017-чу шарахь хиллачу цхьана пикетна тIехула оцу факультетан деканна тIейигира со. Цхьа дашо адам ду и декан, цо элира, соьца къамел де аьлла шега, амма ша кхеташ вац, хIун маьIна ду оцу къамелийн. Оха шиммо хабар дийцира, цхьа а тIаьхьало а йоцуш дирзира и гIуллакх. Митингехь хиларна 2018-чу шарахь гIуда хьарчийра сох, амма университето тергал а ца дира. Политикан хиламех оха студенташца а, хьехархошца а дуьйцучу заманчохь, царна хаьара сан позици муха ю, амма тхан зIе хилар интересе а, чулацаме а хуьлура. Цундела тамашен хIума ду, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера кехат ма кхеччи, тхо маса дIадахар, дIахьедар дина а ца дуьтуш.

"Со дIаяьккхича соьца цхьана доьшуш хиллачийн реакцино чам баьккхира сан

– Муха яра хьоьца цхьана доьшуш хиллачу берийн реакци, хьо дIаяьккхича?
– Со дIаяьккхича соьца цхьана доьшуш хиллачийн реакцино чам баьккхира сан. Чатехь хаьттира цара соьга со дIаяккхарх лаьцна, цул тIаьхьа "ма эрчо ю иза" яздира, кхин цхьа дош ца олуш. Со цецъяьккхира церан бендацаро. Нагахь санна, уьш дIабаьхнехь, со ректорна тIе гIура яра, юха меттахIиттабе уьш аьлла, тIедожош. Студентийн цхьа солидаралла хила ца еза?! Цул совнах, университетан КВН-н ловзарехь студенташа забарш ма йора митингех а, уьш бахьанехь дIабахарх а. ЧIогIа халахийтира суна церан цинизм евзича. Со дIаяккхарал а новкъа ду суна церан бендацар.

Иноземцева Вера
Иноземцева Вера

– Навальныйгахьа хIоттийначу митингехь хиларна тIехула ницкъаллин струткурашца проблемаш хила а хиллий хьан?

"Со хьераяьлла-те йа хIара ирча гIан ду-те

- Дечкен-беттан 23-чохь митингера цIа йогIуш яра со. Сайн цIенна уллохь лаьттачу полисхойн машенах бIаьрг кхийтира сан. Цхьаъ хилахь а аьлла, сайна евзачу бакъоларъярхочуьнга цунах хаам а бахьийтина, сайн цIенна улло яхара со. Машенчуьра ши стаг аравелира - цхьаъ полисхойн барзакъца вара. Шайца дIайола элира соьга. Бахьана ца дийцира соьга, цхьаммо машен чу туьйхира со. Ас гIо доьхуш, мохь хьоькхура, амма цхьа а орцах ца велира. КIоштарчу полисхойн декъе дIайигира со. Лацарх протокол хIоттаде элира ас, амма сан дехар тергал ца дора цара. Телефон схьаяьккхира соьгара. Кеп-кепарчу кабинеташ чу юьгура со, эххар а "Э" Центран белхахо волчу кабинет чу йигира. Ас хеттарш дора, муьлхачу кепехь ду хIара къамел, стенгахь ю сан телефон бохуш, суна жоьпаш луш стагга а вацара. Путин хIунда ца веза хьуна хьаттира соьга. Цул тIаьхьа иза аравелира, туьтмIаьжгаш йоьхкина кхо стаг чувеара, цара ара а яьккхина, куьзганаш Iаьржа долчу машена хаийра со. Машенан номер ца гойтуш, чу хаийра ас. Со къар ца лора, машенан лоьмаршка хьажийта со, бохуш. Сайн цIенна хьалхара со лачкъийна хилларг хьалха хиира машенахь.
Суна вевзи хьо ас аьлча, шен капюшон тIе а озийна, куьзга дIатеттира цо. Со Iачу цIенна герга кхаьчча, сан тидам хилира кхин а цхьа полисхойн машен тIейогIуш. Машенара охьаюсуш со лачкъийначо элира соьга, цхьнагге а хIуммаъ а ма дийцалахь. Церан карара яларца, цIенна гергара еанчу машенчуьра охьавоьссинчу шина полисхочо шайца дIайола элира соьга. Ванах, со галъяьлла -те, йа хIара цхьа ирча гIан ду-те аьлла, ойла хилира сан. Со стенна лоцуш ю дийца элира ас, машен чу хаа, бохуш дехар дора соьга. Машен чу хиира со, юха а хьалха йигинчу полицин декъе дIайигира со. Кабинет мукъа яллалц масех сахьтехь ладегIа дийзира цигахь. Суьйранна протокол хIоттийра, сан пIелгийн таммагIаш а ийцира. Буьйса юккъе яьллачу хенахь цIа еара со.
Доллу кIира араяла ца яьхьаш, чохь Iен кхоьруш даьккхира ас. Цхьана шина баттахь лийлира со оцу хьолехь. ХIинца а полицех бIаьрг ма кхийтти, егайо со.

- Дуьххьара полицин декъе хьо хIунда йигира аьлла хета хьуна?

- Со лачкъа ма йиннехь соьгара телефон дIаяьккхира. ТIаьхьо гира суна, социалан машанашкарчу сан аккаунтехь сан цIарах ши пост язйинера. Цхьанна тIехь яздина дара: "Тхан бараме дахкаран массарна а баркалла шуна. ХIара харцо эшаяллалц юх- юха а арадийр ду вай. ШолгIачу постехь дара: "ТIедогIучу кIиранах митинге дуьйлалаш". Тарло кхин а цхьа административан артикл суна тIетаса дагахь хила. КхозлагIа а ас къепе йохаяхь суна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккха тарлора. Ший а пост ас дIаяьккхира.

- Дукха хан йоццуш фейсбукехь яздинера ахь: "Вайн пачхьалкхехь лела харцо селхана йолаелла яц, кIиранан дийнахь йолаелла а яц, 20 шо хьалха дуьйна йолаелла юйла хаьа суна. Ишта хаьа суна, дуккхаъчу нахана бен-башха доций. ХIунда хета хьуна дуккхаъчеран дог ца лозу аьлла?

"Шайна таIзар дийр доций а хууш, паргIат беха зуламхой, ткъа тхо, жигархой, кхера деза бух боцуш дуьхьал дохучу бехктакхаман гIуллакхех а, репрессех а

- Сан иллюзеш дIаяйра, Астраханерчу Гордуме депутаташ хоржучу яхча. Дукха хан ю сан урбанистикаца интерес йолу, Варламов Ильян а, Кац Максиман а "Городские проекты" фондан урхаллехь ю со хIинца. Хиламо билгалбоккху синкхетам аьлла хета суна. Цундела Гордуме сайн кандидатура хьалхататта Iалашо хилира сан. ГIалин кхеташонан депутатан карахь башха даккхий хIуманаш а дац, делахь а, цуьнан таро ю гIалин васт хийца, бахархошна тоьлла хьелаш хIиттон. Со ехачу кIоштахь дуккха а петаршкахула чекхъелира со, 1000 вахархочуьнца къамелаш дира ас. ХIетахь кхийтира со, регионашкарчу дукхахболчу нехан бала бац кхечу адамийн интересашца, бен-башха дац маршонех дерг а. Масала, алапаш а, пенсеш а лакхадаха сан аьтто хир боций хиъча, къамел кхин дIа дахдан лаам ца хуьлура церан. Жигархойн а стимул яйна, суна гарехь, кхин цхьанна а хIуммаъ а оьшуш а дац. 2019-чу шарахь дуьйна жигархошна тIаьхьабевлла лелаш бу, тIехула тIе. Сан доттагIашна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш даьхна. Масала, Навальныйн агIонча хилла Тербалян Артем бехке вина, 2018-чу шарахь хиллачу президентан харжамашкахь ша тергамча хьажоран кехат бух боцуш дина хилла аьлла.

- Университетера дIа а яьккхина, хьуо лачкъийна йигинчул тIаьхьа хьан дог доьжна?

- Со кхин а чIогIа чIагIйина, доьшучуьра дIаяьккхина, лачкъийначул тIаьхьа. Шайна таIзар дийр доций а хууш, паргIат беха зуламхой, ткъа тхо, жигархой, кхера деза бух боцуш дуьхьал дохучу бехктакхаман гIуллакхех а, репрессех а. Оцу инзаречу харцоно эргIад оьхуьйту со, суна лаьа иза эшон. Дечкен-беттан 24-чохь Талламан комитете латкъам бира ас со лачкъорца доьзна. Талламан комитето дуьхьало йина оцу хьокъехь бехкзуламан гIуллакх делла. Царна арз дийр ду оха хIинца. Университетца болийначу къийсамехь тола лерина ю со кхузахь, Оьрсийчохь, Европан кхелехь тола лууш яц. Дечкен-беттан 23-чохь со бертаза лачкъийначарна таIзар дан лаьа суна. Суна ца лаьа дIатаса, аьлча а, хIун дIатаса... хIара жигарала а яц, дан дезарг деш ю-кх со, кхин совнах хIуммаъ дац. И дерриг а ас Iад дуьтйи, со а хир ю вуьйш санна, бен доцу яхархо. Оьрсийчохь долчух сан дог лозу, со цунна ца езахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG