ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 22 стаг велла. Цомгуш хилла кхин а 349


Коронавирус кхетта хилар билгалдаьллачу нахах 22 пациент велла Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса, цомгуш хилла кхин а 349 стаг.

Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь велла COVID-19 цамгар кхеттачех 11 стаг, Ставропол-махкахь – 5, Къилбаседа ХIирийчохь а, ГIалгIайчохь а – шишша, Дагестанехь, Адыгейхь – цхьацца. Верриг а падеми йолаелчхьана схьа коронавирусах Къилбаседа Кавказехь велларг ву 8880 стаг.

Ун кхетта нах массанхьачул дукха бу Краснодар-махкахь.

  • Краснодар-мохк + 104 (43 961 пандеми лаьттачу ерриг заманахь)
  • Ставропол-мохк + 94 (51 768)
  • Дагестан + 41 (31 691)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 32 (23 351)
  • ГIалмакхойчоь + 19 (20 244)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 13 (16 565)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 13 (19 874)
  • ГIалгIайчоь + 12 (15 266)
  • Нохчийчоь + 11 (11 833)
  • Адыгей + 10 (14 263)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгар хааелла 248 816-зза. Ерриг а Оьрсийчохь, оперативан штабан Охан-беттан 15-чу денна болчу хаамца, шайца ун хааделларг ву 4 675 153* стаг.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулоцу аннекси йинчу ГIирмера ковид-цамгаран хьелаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG