ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 23 пациент велла, цомгуш хилла кхин а 348.
Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь 11 стаг велла коронавирусах, Ставропол-махкахь – 5, Къилбаседа ХIирийчохь – 4, ГIебарта-Балкхаройчохь, ГIалмакхойчохь, Дагестанехь – цхьацца. Къилбаседа Кавказехь пандеми йолаелчхьана верриг а велларг ву уьнах 9028 вахархо.
Цамгар кхетта уггаре дукха наханна Краснодар-махкахь.
- Краснодар-мохк + 105 (44 169 ерриг а хенахь)
- Ставропол-мохк + 102 (51 955)
- Дагестан + 40 (31 771)
- ГIебарта-Балкхаройчоь + 31 (23 413)
- Кхарачой-Чергазийчоь + 14 (19 900)
- Къилбаседа ХIирийчоь + 13 (16 590)
- Адыгей + 13 (14 288)
- Нохчийчоь + 11 (11 854)
- ГIалмакхойчоь + 10 (20 269)
- ГIалгIайчоь + 9 (15 285)
Къилбаседа Кавказехь таханенна COVID-19 коронавирус гучуяьлла 249 494 стагехь. Ерриг Оьрсийчохь и терахь Охан-беттан 17-чу денна ду, Оперативан штабо бахарехь, 4 693 469*
*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чуоьцу аннекси йинчу ГIирмерчу хьолах долу терахьаш.