ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь UFC латархо хилларг лаьцна герзаш лелорах йолчу шеконца


Наручники
Наручники

UFC латархо хилла Антигулов Хьажамурд лаьцна ХIинжа-ГIалахь герзаш лелорах йолчу шеконца. Бехктакхаман дов айдина цунна дуьхьал.

33 шо долу Дагестанан коьртачу шахьаран вахархочуьнгара ши тапча а, патармаш а даьхна, хаам бо республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллерчу пресс-векалто.

Зорбане яьккхинчу видео чохь, шега дечу хеттаршна жоьпаш луш, лаьцначо чIагIдо, герз шен дац бохуш. Охан-беттан 16-чу дийнахь Iуьйранна, дегI меттах даккха водуш, карийна шена иза Тарки юьртахь, боху цо. Ша шена карийна герз полице дIадала воллура, амма соцунгIа хилира, "кIеззиг коронавирус цамгар а кхетта, цIахь сецира", аьлла Iедалхошка Антигуловс.

Спортхочунна цIийнах хьаьжира цунна харцхьа леларна, стаганна цо еттарна айдина гIуллакх луьстуш. Ловзаргахь ГIуран-беттан 2-чохь иза латар бахьана долуш, толлуш хилла цуьнан хIусам. Шега нехан барамехь харцхьа цалелар дехча, летта иза, цо йиттинарг виллина дарбан хIусаме.

  • Антигулов Хьажамурд 2017-чу шарера карара зама тIехIотталц летта UFC системехь, 20-зза тоьлла, 8-зза эшна. Иза дахначу Iай ловзаргахь латар бахьана долуш, хадийна хилла цхьаьнакхетаралло цуьнца хIоттийна хилла контракт.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG