ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петров а, Боширов а 2014 шарахь шайн махкахь лелхийтарш динарш хила тарло боху Чехино


Чехин Iедало махкахвоккхуш ву Оьрсийчоьнан I8 векал

Талорашца къийсам латточу Чехин халкъан урхалло доьху 2014-чу шеран ГIадужу-беттан 11-I6-чохь Чехехула, цхьана меттера кхечу меттигашка, юьхьанца Прагехула, цигара Морави-Силезин а, Злин а мехкашкахула дIасалелла ши стаг лаха а, лаца а гIодар.

Шеконе эцначара документаш лелийна лаххара а шишша стеган цIарх. Юьхьанца цара гайтина Чехехь Оьрсийчуьра паспорташ, цаьрца уьш хилла 1976-чу шеран Товбецан-беттан 13-чохь вина Петров Александр а, 1976-чу шеран Товбецан-беттан 18-чохь вина Боширов Руслан а. Амма рогIехь цара гайтина паспорташ ду Молдаверчу 1979-чу шеран Товбецан-беттан 18-чохь винчу Попа Николайна а, Таджикистанехь 1975-чу шеран ГIадужу-беттан 23-чохь винчу Табаров Русланна делла паспорташ.

Изза ши стаг ву Британин Iедало Скрипаль Сергейна а, Скрипаль Юлияна а 2018-чу шарахь дIовш даларх йолчу шеконе эцна. Уьш Оьрсийчоьнан Инарла штабан урхаллин (ГРУ) агенташ бу, церан бакъ цIерш Чепига Анатолий а, Мишкин Александр а ю боху.

Чехин Iедалехь йолчу информацица, 2014-чу шеран ГIадужу-баттахь а, ГIуран-баттахь а герзаш кхобучу меттигехь лелхийтарш динчех ву и шиъ. Оцу хьокъехь шоьтан дийнахь хаам бина премьер-министра Бабиш Андрейс.

Цо хаийтина Чехино Оьрсийчоьнан векалтера 18 белхахо махкахваккха бинчу сацамах лаьцна – и нах ГРУ-на я тIеман талламчийн урхаллина бохлх беш бу, чIагIдо пачхьалкхан куьйгалхоша. Царна 48 сахьт делла махкара арабовла. Оьрсийчуьра комментареш яржанза ю цкъачунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG