ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчо вийна Бельгехь 20 стаг тIелеттачохь. Конфликт естарх кхоьру Iедал


Полици оьзна Бельгерчу Льеж гIала нохчашний, курдошний юкъадоьлла дов шордаларна болчу кхерамца. Охан-беттан 16-чохь туьтмIаьжигашкахь хиллачу бевзаш боцчара вийна Нохчийчуьра схьаваьлла мухIажар.

Нохчочунна тIелетта 20-30 стагах лаьтта, курдойх хила тарлуш йолу тоба, хаам бо "Франс пресс" агенталло, Бельгин Iедалшна тIе а тевжаш. ГIо-салазан туьтмIаьжигашкахь, Iаьржачу духаршкахь хилла тIелеттарш. Цаьргахь хилла бейсболан гIожмаш а, лаххара цхьа тапча а.

Инцидент иккхинчохь нисбеллачара яьккхина видео яьржина социалан машанашкахь. Цу чохь го Iаьржачу машенна тIехьаьвдда боьлху нах. Иза соццушехь, тIелеттачара го бо цунна. Хеза доьазза гергз долуш.

И инцидент хилале де хьалха, Охан-беттан 15-чохь, дов иккхина хилла нохчийн а, курдойн а шина вахархочунна юкъахь сервисан центрехь. Уьш дIасакъасто гIоьртинчу сервисан дена а, клиентна а чевнаш йина, аьлла меттигерчу прокуратурехь.

ПIераскана хиллачун лорах кхо курдо а, 28 нохчо а левеш, зуьйш ю полици. Церан статус толлуш ю Бельгехь. Лаххара а цхьа автомат карийна таллам дIахьош.

  • Зазадоккху-баттахь Францехь 1500 сов стаг аравелира нохчийн диаспораца нийсо лелор доьхуш. Акци хIоттаран бахана дара Рен гIалахь Зазадоккху-беттан 17-чохь Нохчийчуьра схьаваьлла 23 шо долу Лабазанов Хьамзат вер. "Наркотикаш юхкучийн къестамаш" бу хиламан бухехь, бохура полицино, ткъа вийначун гергарчара бохам буьйзира Лабазанов ша вехачу цIа чохь наркотикаш ца йохкийта хьовзарна дилерша бинчу бекхамца.
  • 2020-чу шеран аьхка Францерчу Дижонехь наркотикаш юхку нах тIелетира 16 шо долчу нохчийн кхиазхочунна. Цул тIаьхьа девнаш лилхира, Францин цхьацца меттигашкара кIантана еттар декха гулбеллачу нохчаша дакъа а лоцуш. Цхьаццаболчу хаамийн гIирсаша хилларг дуьйзира "наркобизнесан къестамашца" – оцу хьокъехь Нохчийчуьра схьабевллачу дуккха а наха низамхошка аьрзнаш дира шайна дуьхьал эладита кхолларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG