ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

16 стаг велла коронавирусах Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса. Цомгуш хилла кхин а 299


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 16 пациент велла, цомгуш хилла кхин а 299.

Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь 11 стаг велла коронавирусах, Ставропол-махкахь – 4, Дагестанехь – цхьаъ.

Къилбаседа Кавказехь пандеми йолаелчхьана верриг а велларг ву уьнах 9 066 вахархо.

Цамгар кхетта уггаре дукха наханна Краснодар-махкахь.

Краснодар- мохк + 101 (44 373 – ун даьржичхьана)
Ставропол- кIошт̆ + 61 (52 075)
Дагестан + 45 (31 859)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 29 (23 472)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 12 (16 614)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 11 (19 924)
Нохчийчоь + 11 (11 875)
ГIалгIайчоь + 10 (15 306)
Адыгей + 10 (14 309)
ГIалмакхойчоь + 9 (20 289)

Къилбаседа Кавказехь таханенна COVID-19 коронавирус гучуяьлла 250 096 стагехь. Ерриг Оьрсийчохь и терахь Охан-беттан 19-чу денна ду, Оперативан штабо бахарехь, 4 710 690*.

Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чуоьцу аннекси йинчу ГIирмерчу хьолах долу терахьаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG