ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь къайлах герз деш хилла нах лецна ФСБ-но


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша дIахьедина, йоллу пачхьалкхехь къайлах герзаш ден 27 меттиг карийна шайна лерина дIахьочу операцехь аьлла. ФСБ-н сайтехь хаам барехь, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллаца а, Росгвардица а юкъахь 22 субъектехь дIаяьхьна цара рейдаш, шайлахь ГIебарта-Балкхаройчоь а, Кхарачой-Чергазийчоь а, ГIалгIайчоь а, Ставропол-мохк а болуш. Герзаш деш, уьш духкуш хилла 55 стаг лаьцна дIаяьхьначу операцешкахь.

Цаьргара даьккхина Оьрсийчохь а, кхечу пачхьалкхашкахь а дина 222 тайпана герз: автоматаш а, пулеметаш а, тапчанаш а, 52 артиллерин хIоьънаш а, куьйга кхуссу 57 гранат а, ши минометан мина а, бархI эзар гергга патармаш а, ворхI кила ах кила молха а, тротил а.

Хьалхо а дIахьедира ФСБ-но, къайлах герзаш дечу нахана дуьхьал лерина операцеш дIаяьхьна шаьш аьлла. ХIетахь 72 стаг лаьцнера цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG