ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Администрацин белхахоша тIелатар дина шена аьлла, дIахьедина Дагестанерчу жигархочо


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дагестанские Огни гIаларчу жигархочо Агабеков Рамиса дIахьедина, меттигерчу администрацин белхахоша шена динчу тIелатарх."Черновик" интернет-ресурсо бина цунах лаьцна хаам.

Шен доттагIашца цхьана хи цахиларх дийца дагахь гIалин мэрца цхьанакхета лууш хилла иза Охан-беттан 19-чохь, цо дийцарехь.
Агабековс чIагIдарехь, масех хаттар кхо динчул тIаьхьа, цунна тIебалийна хилла "мажош йолу спортхойн куьцехь догIмаш даьхна" кегийрхой. Цара кхуьнан духарш ийзош, шаьш еттар ю бохуш, кхерамаш тийсина.

Полицига динчу шен дIахьедарехь жигархочо яздина, шена тIелеттачарлахь администрацин гIуллакхаш луьстучу декъан куьйгалхо Велиев Эльдар а, администрацин коьрта бухгалтер Агарзиев Асанбуба а, иштта хадархо а, мэр машенахь дIасалелориг а вара аьлла.

Дукха хан йоццуш Дагестанские Огни гIала веанчу мехкан куьйгалхочуьнца Меликов Сергейца доьзна лору хилларг Алгабековс. ХIетахь масех хаттар динера цо Меликовга гIаларчу хьолех лаьцна, цунна хетарехь, мэрна Алирзаев Джалалутдина ца тайна уьш.

Ницкъаллийн структурашка а, Дагестнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхалхочун Магомедов Iабдурашидан а цIарх а арз чуделла Агабекоас шена тIелатар дарх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG