ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирме Соьлжа-ГIалара кеманаш лелар ду


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Симферополан а, Соьлжа-ГIалин а аэропортийн барт хилла, 2015-чу шарахь сацийна кеманаш лелар юхадендан карарчу беттан 30-чохь дуьйна. Оцу кепара хаам бина журналисташка Симферополерчу аэропортарн пресс-гIуллакххоша оршотан дийнахь.

"Ялх шарахь юкъахъяьхна латтийна Соьлжа-ГIалара рейсаш Охан-беттан 30-чу дийнахь дуьйна юха йолор йолуш. Nordwind авиакомпанин кеманаш ду дIасалелар долуш", - аьлла ду бинчу хаамехь. Embrarer E190 кеманаша кIиранах шозза дIасалелор бу бахархой. ХIинццалц схьа Nordwind-ан кеманаш оцу маршрутца лелла дац.

2014-чу шеран бIаьста ГIирмехь хIоттийначу референдуман терахьашна тIе а тевжаш, Путин Владимира омра арахийцира, Украинах дIа а хадийна, ГIирма Оьрсийчоьне ерзош.​ Дуккхаъчу пачххьалкхаша, шайлахь Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ а йолуш, къобал ца до Оьрсийчоьно ГIирма дIалацар. Ткъа Соьлжа-ГIалахь хIора шарахь даздечу хьелашкахь дIахьо ГIирмана Оьрсийчоьно аннекси яр. Гулабеллачех дукхахберш бюджетникаш а, дешархой а хуьлу. Маршо Радион ладогIархоша а, ешархоша а дуьйцу хIоразза а шаьш оцу гуламе даха Iедало декхаредеш хиларх.

АхгIайре Оьрсийчоьнца дIалаьцчхьана цунна духьал яьхначу санкцеша экономикана мел ницкъ барх, дуьненаюкъара низам дохор дац ГIирма Оьрсийчоьне "юха а елла", бохуш дIахьедо Оьрсийчоьнан Iедало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG