ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Валарг-Хи. Гайта магийна йоцу нохчийн гейх яьккхина фильм а, цуьнан режиссер а (хьалхара дакъа)


"Тийна аз" фильмера сурт
"Тийна аз" фильмера сурт

Хазов-Кассиа Сергей

Документалан кинон "Артдокфест" фестивало гайтамна юкъаръяьккхина Нохчийчохь гомосексуалийн бакъонаш къуьйсучу жигархочух лаьцна йолу "Тийна аз" ("Тихий голос") фильм Шамаев Сулиманах тера волчу стага (шен инстаграмехь Шамаевс ша Пачхьалкхан Думерчу Нохчийчуьрчу депутатан Саралиев Шамсаилан гIоьнча ву боху) кхерамащ тийсарца доьзна. Къайлахчу петарахь фильме а хьожуш, режиссерца къамел дира Радио Свободан корреспондента.

Нохчийчохь ЛГБТ-наханна гIелонаш яр гойтуш дуьххьара яьккхина фильм яра Франс Дэвидан "Маьрша догIийла Нохчийчу" (Welcome to Chechnya) – Оьрсийчуьрчу жигархоша нохчийн гей-нах а, лесбиянкаш а кIелхьарбахарх лаьцна яра иза. ЛГБТ-мухIажарех, уьш пачхьалкхера бевдича, царех хIун хуьлу дуьйцуш ю шена Валарг-хи псевдоним тIеэцначу режиссеран "Тийна аз" ("Тихий голос" (Silent voice) фильм. Ша-шен дIатарван, мотт Iамо, шайца цхьаьна гомофоби а эцна дIабахначу, массанхьа а дукха болчу, гетеросексуалех лаьттачу нохчийн диаспорашна юкъахь канадахо я францхо хилла лела атта дац. Лечкъа деза иштачу мухIажарийн, цхьааллехь баха беза, хийца еза цIерш, дуьсу кхолла керла биографеш: хьалхалерчу шайн дахарх дийца йиш яц цхьаьнгге а.

Кхерамзалла эшарна псевдоним кхоьллина ас сайна хIара фильм йоккхуш

"Керлачу озан" турпалхо Хаваж виллина лела отелаш хуьйцуш, Гумберт Гумберт санна, волонтёрашца бен йиш яц вистхила а. Бакъду, башха къамелаш дан дог а дац цуьнан: ца хаьа меттигера меттанаш, къамел а ца дало мутизм бахьанехь – аз хаьлла психика талхарца доьзна. Фильмехь кхин башха хуьлуш хIума а дац, журналистан таллам бац иза, вуно хаза хIоттийна, баланех лаьцна сурт ду: турпалхо боксеро буйнаш тухучу тIаьрсиган чалхах лиэта, шегара оьгIазалла тIеюстуш, къамелах кхеташ а воцчу волонтерца дIасаволало, даима а ладоьгIу нанас, цIавола, ма-дарра аьлча, хIаллакхила даймахкахь, бохуш, кхоьхьуйтучу аудохабаршка, сагатдо гергарчарна, спортанна, Нохчийчоьнна, нохчашна. Ткъа иза "Тийна озехь" уггаре тамаше феномен ю: нохчий ца бахало нохчий боцчохь, уьйр лоьху махкахошца, уьш стенггахь а хилча а, контакт мел кхераме хилча а.

– Хьо мила ву, Валарг-хи, хIун боху оцу псевдонимо?

– Дукха дуьйцийла дац сан сайх, суо режиссер хиларна. Дуккха а хан ю со Европехь веха, бер долуш Оьрсийчуьра схьавалийна. Кхерамзалла эшарна, псевдоним кхоьллина ас сайна хIара фильм йоккхуш: гергара нах бу сан Нохчийчохь, со суо а воьду цига юкъ-кара.

– Хьайн цIарца яьхна фильмаш юй хьан?

– Ю. Валарг-хи – Нохчийчохь ду и цIе йолу хи. "Валар" нохчийн маттахь "кхалхар", "Iожалла" бохург ду. "Iожаллин хи" нисло. Иза Нохчийчоьнан исторехь гоьдалла хи ду, Кавказ йоккхуш лаьттинчу тIеман заманахь цуьнца лаьттина доза, 1840-чу шарахь бIонаш летта цигахь шайн маршо къовсуш. Оцу тIамехь вуно дукха нохчийн эгна. Декъеш, цIий дукха долуш, хи цIелуш хилла.

"Тийна аз" фильмера сурт
"Тийна аз" фильмера сурт

– Хьуна муха карийна Хаваж, муха баьлла аьтто фильм шех лаьцна яккха иза резаван?

– 2017-чу шеран Охан-баттахь, дерриг а доладелча [Нохчийчохь гейш хьийзор], суна Канны гIаларчу фестивалехь сайн хинволу продюссер карийра. Москварчу, и кIентий а, мехкарий а къайлабохучу шелтерехь хилира со. Цхьаберш гира суна, уьш Канаде дIабаххале. Цхьа турпалхо хьалха дуьйна а вевзаш вара. Кхин а цхьа турпалхо Францехь гина вара. Сов дукха бара и турпалш, уьш оццул халчу хьолехь а болуш, ца лаьара суна фильм яккха. Сайна Хаваж вевзича, цуьнан нанас кхехьийтина аудиош хезча, ас иза ца хаьржира, цуьнан нана хаьржира. Амма суна этикан агIо яра еза, лаьара цунна а тойла фильм яккхар, цуьнца цхьаьна яккха лиира, цунах яькххина Iар а доцуш. Ас цундела шина шарахь камера хьан а ца йира, цуьнца цхьаьнакхетар, юкъарло латтор, цунна гIодан хьажар доцург. Ткъа видео баттахь сов яьккхира.

Маршо йоцчохь

– Суна хаьа лаьара, хIун хуьлу адамах, медиа-башхалла юьстах а йитина, тергалдича. Царех хуьлушдерг кхин а Iаткъамениг дара. Масала, цхьа турпалхо Канаде дIавахара. Цигахь цуьнан дерриг а дика хир ду аьлла хетара, амма цунна кхин а хала дара.

Эмиграцехь и саннарг цхьалха вуьсу. Эмигранташ доьзалшца дIабоьлху кхечу махка дукха хьолехь, ткъа хIара саннарш цхьалха буьсу.

Церан доьзалехь, ворхI дара, бархI дара, бер дара, цкъа иза шен доьзална юьстах, цхьаъ нисвелла. Канадехь программа яра цхьаьна волчу шина гейно иштачу мухIажарна "адаптаци" еш. Ханна иза шайга вигира шина гейно – гIалин йистехь, комфортехь, чIогIа хазачу меттехь вехара и шиъ, иза холчахIоьттира, ша кемантIера охьавоьссича, дIавига, стелаIодан беснашкахь йолчу байракхца уьш баьхкича – иза ша гей вуйла хаийтина а вацара (каминг-аут янза вара), лаамза гучуваьллера иза. Цунна хала яра и ситуаци, самукъане хила, маьрша ву хьо, аьлла хета дезачохь. Эмиграци маршавалар дуйла ца хаьа бухарчу бахархошна. Иза тIеэцна волу шиъ ца кхетара цунах, царна гIодан лаьара, амма хала дара и дан, хIунда аьлча, и шиъ маьрша вара, царна шаьш гейш хилар ирсе гора, и ирс кхуьнга а дIакхачо гIертара: хьо а хилало хьуна тхо санна паргIат, хIара-м Канада юй, кхузахь-м маьрша дуй, гей-парадашка а, клубашка а лела йиш юй хьан-м. Амма адамна маьрша хилар дац гей-парадашка лела мукъа хилар. Цунна шегара хьал трагеди ю. Канадехь хуьлучул, шен хьалхалеррачу дахаре юхакхача лаьара цунна. Эмиграцехь и саннарг цхьалха вуьсу. Эмигранташ доьзалшца дIабоьлху кхечу махка дукха хьолехь, ткъа хIара саннарш цхьалха буьсу.

Оцу кIентан шен цIе, фамили хийца дийзира. Иза мотт Iамочу курсашка вахча, цигахь Шемара мухIажараш бара, царна гора кхуьнан цIе бусалба хилар, хоьттура, стенгара ву, хIара пуьташ ботта безаш вуьсура, цундела ца лаьара курсашка лела.

– ХIун хуьлу нохчийн гейх, уьш цIерабевлча? Вайна гира фильмехь уьш лечкъаш, цара шайн цIерш хуьйцуш. МухIажар иштта ца лела дукха хьолехь.

– Уьш кеп-кепара хIуманаш ду. Дукхахберш [гейш] бакъоларъярхошкахула кхочу, виза а йолуш, легалехь. Цхьа турпалхо ас Парижехь аэропортехь айса ларвира, цуьнгахь виза яра, цунна духьалбаьхкинера арахьарчу гIуллакхийн министраллера нах, ЦIечу ЖIарера а бара. Иза эмиграцин тоьлла хьелаш ду, жоьжахатин гонех чекхвала ца веза хьо, кхиболу могIара мухIажараш санна.

"Тийна аз" фильмера сурт
"Тийна аз" фильмера сурт

Уьш ца тарбо мухIажирийн центршка, къастабой дIатарбо, Нохчийчуьрчу кхечу мухIажаршца бетта ца болуьйтуш. Къамелаш цаьрца шайцца до, документаш а ло кхечарначул вуно сиха. Шайна бухахь баха аьтто бинчул тIаьхьа церан бакъо ю цIе а, фамили а хийца. Цара шайн дахарх лаьцна керла "туьйра" кхолла деза, керла цIе, керла селхане, цкъа а ала йиш яц шаьш Нохчийчуьра ду.

– Хаваж хIора кхаа кIиранах волу цхьана отелера кхечу отеле – иза массарна а ду?

– Иза, масала, Бельгехь санна, нохчийн диаспора йоккха йолучохь хуьлу. Францехь петаршкахь кхобу, ахь уьш ца хуьйцу иштта сиха, хуьйцу, нагахь санна проблемаш лилхинехь, цхьанна хьо вевзинехь, я хьайна кхерамзалла яц аьлла хетахь. Хаважера хьал чолхе дара. Цхьаъ делахь, иза Оьрсийчуьрчу бакъоларъярхойн гIоьнца веана, шолгIа делахь, къамел дийцалуш вацара. Иза ши интервью яла езаш вара къамел а деш, и процедура юха-юха тIехьатоьттура, даима а сатийса вуьсура иза. Шарахь сов отелаш хуьйцуш лийлира, шина-кхаа баттахь цкъа нислора иза. Дуккха а нах бара Хаважан инстаграме язбелла, иза Нохчийчохь гоьялла евзачу латаран кепехь спортхо вара – бара дера иза вовза кхерам-м.

– ХIинца массо а ву Францера Оьрсийчу депортаци йинчу Гадаев Мохьмадан кхоллам тергалбеш. Францехь къоначу нохчочо хьехархо вер бахьана долуш, цигахь эмиграцин политика хийцаелла, цуьнан процесс чолхене яьлла, депортацеш совъяхна. Оцу хьоло мел тIеIаткъам бо Нохчийчуьрчу ЛГБТ-мухIажаршна?

– Суна ца хета нохчийн ЛГТБ Европе дукха кхочу аьлла, цу тIе, коронавирусца доьзна дозанаш а ду къевлина. Кхачахь а, уьш леррина зуьй. Хьалха дукха нах богIура, шаьш Нохчийчуьра ЛГБТ-нах бу олий, амма уьш я Нохчийчуьра ца хуьлура, я ЛГБТ ца хуьлура. Кхераме лорура уьш нохчийн диаспорерчу стагна гар, ур-атталла гочдархочунна а, уьш ЛГБТ буйла хаар – интервью оьрсийн маттахь оьцура. ХIинца ахь Бельгехь я Францехь тховкIело ехча, хьуна нохчийн мотт буьйцу гочдархо лур ву, хьо билггал нохчо хилар къастош.

– Гадаев Мохьмадах лаьцна яз а дой Францерчу хаамийн гIирсашкахь?

– Цунах лаьцна яздина суна ца гина цхьана а пресссехь, ца хезна радиочухула. Оьрсийн хаамийн гIирсашкахула хиина суна цунах дерг. (ЧIаккхе хир ю).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG