ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Диц ма делахь, маршонан Iалашонаш ларъян кхузахь арабевлла къонахий хилла хилар"


Дудаев Джохаран а, Яндарбиев Зеламхан а, Масхадов Асланан а суьрташ. Варашвера демонстраци

Тахана, Охан-беттан 21-чохь, 25 шо кхочу тIеман кеман ракеташ тоьхна, нохчийн хьалхара президент хилла Дудаев Джохар вийна. Политикан диалог юха а теттина, тIамца Нохчийчоь шен долаерзо гIерташ яра цу деношкахь Оьрсийчоь.

Нохчийчоьнан президент Дудаев Джохар Оьрсийчоьно шен мостагI лоруш велахь а, цуьнан сий до дуккхаъчу пачхьалкхаша.
Хьалхара дагалацаман у гучуделира Эстонерчу Тартухь 1997-чу шарахь Товбеца-беттан 20-чу дийнахь, «Барклай» олучу хьешан хIусаман пена тIехь.

Полтавехь Никитченко урамехь йолчу цхьана хIусаман тIехь схьадиллира Дудаевна хьажийна шолгIа у.

Боснехь а, Герцеговинехь а Горажде олучу гIалахь бу Дудаев Джохаран цIарх урамаш.

Латвин коьртачу гIалахь Ригехь ю цуьнан цIарх аллей (1996). Литвахь, Вилнюсехь ю Дудаевн цIарах сквер.

Польшин Варшавехь майда ю Дудаев Джохаран цIе лелош (2005).

Украинехь Ивано-Франковскехь а, Львовх а бу Дудаевн урамаш.
Львовхь болчу ураман нохчийн президентан цIе тиллина 1966-чу шарахь.

Ткъа Вилнюсехь хIоттийнчу дагалецаман тIулга тIехь яздина ду хIара дешнаш: "ХIай кIант! Нагахь, тIедогIучу бIешаре а ваьлла, лекхачу Кавказе а кхаьчна, хьо гонаха дIасахьаьжча, диц ма делахь, къам а гIаттийна, лараме маршонан Iалашонаш ларъян кхузахь а арабевлла къонахий хилла хилар" аьлла.

Стохка, Стигалкъекъа-баттахь Киеверчу "Залізний тато" ("Болатан дада") арахоьцийлехь зорбане яьккхира Нохчийчоьнан Республикан Ичкерин хьалхарчу президентан Дудаев Джохаран интервьюн книга. Арахоьцийлан долахочо Савченко Дмитрийс дийцарехь, "Лицар свободи"("Маршонан къонах") цIе йолчу жайни юкъа яхана диллинчу хьосташкахь хилла а, иштта, Ичкерин хьалхарчу президентан Дудаевн доьзало зорба тоха пурба делла а къамелаш.

"Тхан гочдархоша украинхойн матте ерзийра и йолу интервьюш. Цуьнан цхьа дакъа хьалха дуьйна публикана девзина ду, ткъа суьрташ - уникале ду, доьзалан суьртийн албомаш юкъара хиларна", - аьлла, билгалдаьккхира Савченкос.

Книгин цIе тиллинраг Дудаевн хилла хIусамнана - Дудаева Алла ю. Цо язйина книгин дешхьалхе а. 500 экземлярехь арахецна книга, иштта кхин а совнах тираж араяккха лаам бу арахоьцийлан.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG