ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шеконашка биллина Кадыровн кIентан толам богIуш белла лерина Соьлжа-ГIалахь


Кадыров Адам
Кадыров Адам

Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIанта Кадыров Адама, боксехь къовсаме даьллачу латарехь, толам баккхарна тIехь аьшпаш лелорна а, "пиар" ян гIортарна а бехке бина мехкан парламентан спикеро Даудов Мохьмада хаамийн гIирсаш.

ГIебарта-Балкхаройчуьрчу латархочух Биттиров Асланца хиллачу тасадаларехь техникан нокаут а еш, толам баьккхира цо.
Масех тохар тIаьхьий-хьалхий Нохчийчоьнан куьйгалхочун воIа тIехтесначул тIаьхьа реферис матч сацорна къовсамаш баьллера юкъараллехь. Суьдхочун сацамах а, дIакхайкхийначу жамIех а цецваьллера "Матч! Боец" телеканалан комментатор а.

Латарх дуьйцучу Даудовс кхетийна Кадыров Адаман толамах "боксан низамашца" а, берийн могушаллана терго ярца а.

"Оцу латарехь рефери хиллачо дийцарехь, Биттировн бIаргашца кхетта хиллера иза, латархо концентрацех воьхнийла, тIаккха волавеллера иза дагардан. Секунданто ринг тIе гата охьатесча(боксехь -шен лаамехь латарх юхаваларан символ ю иза)догIуш ма-хиллара, латар сацийнера цо",- аьллачу парламентан куьйгалхочун дешнаш далийна "Чечня Сегодня" агенталло.

Даудовс тIетоьхна, Кадыров Адам кхин цкъа а Биттировца лата кийча ву аьлла.

Кадыровн а, Биттировн а 13 шераш ду. Шина латархочунна юкъахь конфликт иккхира декъашхой узучу заманчохь. Кадыров Адама муьшка йира Биттировна, оцу юкъа баккхийнаш а лилхина, дерзийра гIуллакх.

Дуьненаюкъара "Время Легенд 6: Спецоперация" турнир хилира Соьлжа-ГIалахь Охан-баттахь. Хьовсархошлахь вара республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан а. Латарш дирзинчул тIаьхьа "Грозный-информ" агенталло яздира шен агIонехь, хьовсархоша дийцарехь, "цхьа а шанс ца йитира" Кадыров Адама шеца леттачунна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG