ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оппозицин митингехь Дагестанехь иттех стаг лаьцна. Бу царалахь журналисташ а


ХIинжа-ГIалара Ленинан майда, кхузахь гулбала дагахь хиллера Навальный Алексейгахьа митингхой
ХIинжа-ГIалара Ленинан майда, кхузахь гулбала дагахь хиллера Навальный Алексейгахьа митингхой

Оппозиционеран Навальный Алексейн агIончаша тахана, Охан-беттан 21-чу дийнахь ХIинжа-ГIалахь хIоттийначу акцехь лецна Дагестанерчу полицино иттех стаг. Суьйранна ворхI сахьт даьллачу хенахь йоло лерина бара акци, Ленинан цIархчу майданахь вовшахкхеттера ворхI журналист а. ТIаьхьо тIебаьхкинера протестхой а. Гулбелларш леца буьйлабеллера полисхой, кегийрхойн тобанца йолчу цхьана йоIа плакат хьаладьаьккхича.

Шайн карабаьхкинчу журналисташна ницкъахоша тIедожийнера шаьш дIаязъян ларийна видеош дIаяйъар. Цхьа хан яьлча дIахецна уьш.

Акци йола а ялале полисхоша талламаш болийнера майданахь. Хаамийн гIирсийн белхахойн кехаташка а хьоьвсина, майдана юккъера дIадовла аьлла хиллера.

"Нагахь санна, дIадуьгуш хилахь, журналист вуй-ваций цхьаммо а къестор дац", - аьлла, дIахьедина хиллера цаьрга цхьахволчу полисхочо.

"Маршо Навальныйна!" цIе йолчу протестан акцин картаца а догIуш, Охан-беттан 21-чохь Навальный Алексейгахьа ХIинжа-ГIалахь арабовла барт хиллера 800 вахархочун. Iедалхошкара пурба доцуш хIоттош яра акци.

Охан-беттан 11-чохь ХIинжа-ГIалахь йиллинчу Навальныйн штабан координатор Атаев Эдуард лаьцна ву.

Карладоккху, Дечкен-баттан 23-чу денна кхайкхийна митинг герга кхочучу заманчохь Кубанерчу пачхьалкхан университетан а, Плехановн цIарахчу университетан а, кхин а цхьа могIа доьшийлин студенташа а латкъамаш бира, администрацино шайга дIахьедина хиларх, нагахь санна, оцу акцехь дакъалацахь, шайн проблемаш хир ю аьлла.

Чиллан-баттахь дуьйна Владимирскан кIоштарчу Покровка гIаларчу номер 2 йолчу колонехь латтош ву Навальный Алексей. Цуьнан хьокъехь йина кхел харцо ю аьлла, дIахьедина Европерчу адамийн бакъонийн кхело.

Набахтехь Навальныйн могушалла цIеххьана галъелира. Зазадокху-бутт бовш мацалла кхайкхийна цо, шена тIе лоьраш ца битарна. Де хьалха таIзарш кхочушдаран федералан урхалло (ФСИН) хааме даьккхира, Навальный дарбан цIийнан стационаре охьавуьллуш ву шаьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG