ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шарахь гергга Украине ца йитина Дагестанера кхаа беран нана шен доьзалх дIакхетта


Дагестанера 27 шо долу Магомедзагирова Меседо шен доьзал болчу Украине еана, цунна пачхьалкхе яр доьхкуш бина сацам юхабаьккхинчул тIаьхьа. Магомедзагирован хIусамдас Айгунов Шемала дийцина цунах лаьцна.

"Тхан доьзал цхьаьна бу, хIусамнана схьакхаьчча", - аьлла, хаам бина Айгуновс.

Хьалхо Киеверчу Днепровскан кхело юхабаьккхира миграцин хьукмато Магомедзагирована Украине яр доьхкуш бина сацам.
Стохка юха а Украине яха гIоьртинчу цунна дуьхьало йира дозанхоша чу йита, миграцин хьукматан сацамна тIетевжина.
Оцу бахьанашца аьтто ца белира цуьнан шен цIийндех а, берех а дIакхета. Уггар а жимчун хIетахь итт бутт бен бацара.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG