ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 19 дархо велла, ун даьлла 342 стагана


Коронавирус кхетта хилар билгалдаьллачу нахах 19 пациент велла Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса, цомгуш хилла кхин а 341 стаг.

Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь велла COVID-19 цамгар кхеттачех 11 стаг, Ставропол-махкахь – 5, ГIалмакхойчохь - 2, Нохчийчохь цхьаъ кхелхина.

Верриг а падеми йолаелчхьана схьа коронавирусах Къилбаседа Кавказехь велларг ву 9 131.

Къаьсттина дукха бу ун даьлларш Краснодаран кIоштахь - 101 стаг.

Краснодаран кIошт + 101 (44 673 ун даьржичхьана)
Ставрополан мохк+ 96 (52 305)
Дагестан + 45 (31 993)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 28 (23 558)
ГIалгIайчоь + 15 (15 343)
ГIалмакхойчоь + 13 (20 326)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 11 (19 957)
Адыгей + 11 (14 342)
Нохчийчоь + 11 (11 908)

Къилбаседа ХIирийчоь+ 10 (16 646)
Таханенна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгар хааелла 251 051 -зза. Ерриг а Оьрсийчохь, оперативан штабан Охан-беттан 22-чу денна болчу хаамца, шайца ун хааделларг ву 4 736 121* стаг.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулоцу аннекси йинчу ГIирмера ковид-цамгаран хьелаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG