ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнца хилла доттагIаллин барт бохабе аьлла, кхайкхам бина Чехин сенато


Прагерчу Оьрсийчоьнан векалтна уллохь
Прагерчу Оьрсийчоьнан векалтна уллохь

Чехин Iедалхойн информацица, Оьрсийчоьнан къайлаха сервисаш декъахь йолуш, 2014-чу шарахь Врбетицехь дина лелхийтарш, цхьана пачхьалкхо кхечу пачхьалкхна, Евробертан декъахочунна дуьхьал дина ца Iаш, йоллу Евробертана а дуьхьал йина пачхьалкхан терроризм ю. Иштта дIахьедар дина Чехин Сенато (парламентан лакхарчу палатано).

Оцу резолюцина кхаьжнаш тесна дакъальацначу 72 Сенатан декъашхошлахь хиллачу 67-ммо, хаам бина Чехин информацин агенталло.

Чехин урхалле кхайкхам бина сенаторша Оьрсийчоьнца хилла доттагIаллин уьйраш а, юкъарлонаш а хададе аьлла, иштта дIахьедина Прагерчу Оьрсийчоьнан векалтехь цхьа белхахо тоийта аьлла.

Цул совнах, Сенатан декъашхоша кхайкхам бина Врбетицехь хилларг ООН-н Кхерамзаллан Кхеташонан а, НАТО-н а, Евробертан а тIегIанехь дийцареде аьлла. Иштта хьехна, Оьрсийчоьнна компенсаци тIедожаде аьлла а.

Хьалхо оццу барамашка кхайкхира Чехин парламентан лахарчу палатано.

Кхаарин дийнахь Чехино тIедожийра Оьрсийчоьнна, пачхьалкхера шайн векалтан 20 белхахо махкара воккхуш бинчу сацаман юха а ойла йе аьлла. Ца хуьлчу далахь, Чехин арахьарчу гIуллакхийн министро Кулганек Якуба дIахьедарца, Прагерчу Оьрсийчоьнан векалтехь пхиъ гергга бен белхахо вуьтур вац.

Чехин векалтера 20 дипломат пачхьалкхера арвоккхуш сацам бира Оьрсийчоьно, Чехино шайн 18 дипломат араваккхарна дуьхьал.

Чехин Iедалхоша чIагIдарехь, Оьрсийчоьнан къайлаха сервисаш гунахь ю 2014-чу шарахь Врбетице юьртарчу герзаш латточу гIишлошкахь лелхийтарш дарна.

Прагас дохку бехкаш дIатеттина Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс. Чехино тIеэцна барамаш "кхетаме боцуш а, шина пачхьалкхан юкъаметтигашна зен дохьур долуш а" лерина цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG