ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра йоI гергарчара лачкъор талла дуьхьал бу полисхой


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIалгIайчуьра йоI цуьнан гергарчу наха лачкъор талла Москвара полисхой дуьхьал хиларна арз дина бакъоларъярхоша. "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машана" тIетевжина яздо цунах лаьцна "Открытые медиа" гIирсо, ткъа бакъоларъяран организацин сайтехь цунах лаьцна бина хаам бац.

Лачкъийначу йоьIан цIе ца яьккхина журналисташа. Хууш дерг ду, исламан ламасташ лело дуьхьал хиларна кхиъна яьлла йоI 2020-чу шарахь Москва дIаяхана хилар.

Оппозиционер волчу Навальный Алексейгахьа хIоттийначу митингехь дакъалацарна кху шеран Чиллан-баттахь лецира юьйцу йоI. Цуьнан гергарчара иза лоьхуш хиларх дIахаийтинера цуьнга полицехь. ТIаьхьо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахоша дIадийцинера йоI йолчу меттигех цуьнан гергарчаьрга.
Цул тIаьхьа бутт баьлча Москва цунна тIаьхьа веанчу дас а, вашас а дIайигира иза. ЦIера видео дIаязйира цо, ша цIа юьгуш дас-нанас бинчу сацамна реза ю ша аьлла. Бакъоларъярхой тешна бу, и видео гергарчара бертаза дIаязъяйтина хир ю аьлла.

ЙоIаца цхьана лаьцначу петарехь яьхначу кхечу йоIа латкъам бира Москварчу полицига, амма уьш дуьхьал хилира бехкзуламан гIуллакх айдан. Нуьцкъаша йоI цIа йигарх кхеточу дас, иза Москвахь "харцахьа лелаш яра" аларна тIе тайнера, шаьш бинчу сацамехь полисхой.

"Оьрсийчоьнан ЛГБ-машанца" цхьана болх бечу адвоката Алексеев Марка Талламан комитете а, прокуратуре а арз кхачийна, бехкзуламан гIуллакх ца долорна дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG