ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 24 дархо. Вирус кхетта 344 стагана


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Коронавирус кхетта хилар билгалдаьллачу нахах 24 пациент велла Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса, цомгуш хилла кхин а 344 стаг.

Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь велла COVID-19 цамгар кхеттачех 11 стаг, Ставропол-махкахь а, Дагестанехь а – виъ-виъ, ГIалмакхойчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а- шишша, Къилбаседа-ХIирийчохь - цхьаъ велла.

Верриг а падеми йолаелчхьана схьа коронавирусах Къилбаседа Кавказехь велларг ву 9 155.

Къаьсттина дукха бу ун даьлларш тIаьхххьарчу 24 сахьтехь Ставрополан кIоштахь - 102 стаг.

Ставропол-мохк + 102 (52 407 – ун даьржичхьана)
Краснодаран кIошт + 100 (44 773)
Дагестан + 43 (32 036)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 27 (23 587)
ГIалмакхойчоь + 16 (20 342)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 13 (19 970)
Нохчийчоь + 12 (11 920)
ГIалгIайчоь + 11 (15 354)
Къилбаседа-ХIирийчоь+ 10 (16 656)
Адыгей + 10 (14 352)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 10 (16 646)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгар хааелла 251 395 стагаца. Ерриг а Оьрсийчохь, оперативан штабан Охан-беттан 23-чу денна болчу хаамца, шайца ун хааделларг ву 4 744 961 * стаг.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулоцу аннекси йинчу ГIирмера ковид-цамгаран хьелаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG