ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтехь даккха 17 шо кхайкхийна гIалгIачунна


ГIалгIайчуьрчу вахархочунна Евлоев Абубакарна набахтехь даккха 17 шо хан кхайкхийна, терроран тохар кечдарна а, лоьлхуьйтурш лелорна а, бакъоларъяран органийн белхахошна кIело ярна а. Дахначу еарин дийнахь Ростоврчу тIеман кхело бовзийтина цуьнан хьокъехь шаьш бина сацам.

Официалан версица, 2019-чу шарахь Магасехь полисхочо шега кехаташ хаьттича, Евлоевс цунна масийттазза урс тоьхна хилла. Ткъа полисхоша сацийначу цуьнгахь хиллера, талламчаша дийцарехь, куьйга йина йиъ граната а, кхо урс а.

"Кавказский узел" интернет-гIирсо хаам барехь, кхело хьесап дина, Евлоев полицин пост йолчахь теракт дан гIерташ хилла аьлла. Циггахь хилла ду полисхочунна дина тIелатар а.

Терроран тохар дан дагахь хилла бохучу меттиге нисвелча, шен Iалашо стенна кхочуш ца йина таIзар динчо, хууш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG