ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 24 дархо. Вирус кхетта 350 стагана


Коронавирус кхетта хилар билгалдаьллачу нахах 24 пациент велла Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса, цомгуш хилла кхин а 350 стаг.

Оперативан штабан хаамца, Краснодаран кIоштахь 12 велла уьнах, Ставропол-махкахь - 4, ГIебарта-Балкхаройчохь -3, Дагестанехь а – 2 кхелхина. ГIалмакхойчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а цхьацца велла.

Верриг а падеми йолаелчхьана схьа коронавирусах Къилбаседа Кавказехь велларг ву 9 179.

Къаьсттина дукха бу ун даьлларш тIаьхххьарчу 24 сахьтехь Ставрополан кIоштахь - 109 стаг.

Ставропол-мохк + 109 (52 516 ун даьржичхьана)
Краснодаран кIошт+ 103 (44 876)
Дагестан + 41 (32 077)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 27 (23 612)
Нохчийчоь + 14 (11 934)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 12 (19 982)
ГIалгIайчоь + 12 (15 366)
Къилбаседа-ХIирийчоь+ 11 (16 667)
Адыгей + 11 (14 363)
ГIалмакхойчоь + 10 (20 352)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгар хааелла 251 745 стагаца. Ерриг а Оьрсийчохь, оперативан штабан Охан-беттан 24-чу денна болчу хаамца, шайца ун хааделларг ву 4 753 789 стаг.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулоцу аннекси йинчу ГIирмера ковид-цамгаран хьелаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG