Москварчу кхело набахтен шогачу хьелашкахь даккха 14 шо хан тоьхна Абхазера схьаваьллачу Газзаев Кахина. 2019-чу шеран Мангал-баттахь криминалан авторитет Иваньков Вячеслав, Япончик цIарца дика вевзаш хилла, вуьйш цо дакъалаьцна аьлла, бехк тIечIагIбина цунна.
Кхеле хIоттийначу боллу бехк тIелацарна, леринчу къепехь толлуш дара цуьнан гIуллакх, материалаш зен а ца зуьйш. Хьалхо Москван а, Астраханан а кхелаша йиттина хенаш а текхна валанза хилар чоьте а эцна, хьесап дира суьдхоша. Дукха шира гIуллакх ду аьлла, бакъо йоцуш хьалхо герз лелорна тIекхоьсинчу артиклехь долийна бехкзуламан гIуллакх сацийра.
Газзаев воцург а, Япончик вуьйчу тобанца хилла кхин а цуьнан виъ махкахо, царех шиннан - Папава Нугзаран а, Бутба Астамуран а ка елира Абхазехь лачкъа. Мехкан Iедалхоша хаам бира, шаьш и шиъ дIалур вац, хIунда аьлча, Абхазин конституцино могуьйтуш дац аьлла.
Оцу юкъанна, Оьрсийчохь вехаш хилла Шадания Муртази а, Джанашия Джамбул а лаьцна, кеста Москва гIалин кхелерчу бехккъасторхошна хьалха хIоттор волуш ву и шиъ. Газзаев Кахас бехк тIелаьцнехь а, оцу шиммо бехкаш тIе ца дуьту.
1970-чу а, I990-чу шерийн а юьххьехь Оьрсийчуьрчу криминалан дуьненахь цхьахволчу дидерех лоруш вара Иваньков Вячеслав.
Советан заманахь зуламхойн иерархехь шен 33 шо долчу хенахь криминалан авторитетан лаккхара дарж кхаьчна иза, уггар а жигарчех цхьаъ вара Советан Iедал доьхначул тIаьхьа а тобанашкахь ден зуламаш даржош.
Шен 69 шерийн 20 шо сов зама лаьцна яьккхина цо.
1990-2000-чу а шерашкахь иттех шо текхира цо набахтехь Америкехь талораш дарна а, ахчанаш дахарна а. Нью-Йоркехь оьрсийн мафин лидер ву олура иза, цул тIаьхьа Оьрсийчоьне дIавелира. Москварчу кхело бехказа ваьккхира иза шозза стаг вийна аьлла, дехкинчу бехкашна.
Ваганьковскан кешнашкахь дIавоьллина ву Япончик. Иза вийначул тIаьхьа Оьрсийчуьрчу криминалан дуьненан боккха тIом гIаьттира, кхин а масех гоьваьлла къуйн авторитет а вуйш.
"База" интернет-ресурсан информацица, талламчаша бахарехь, Иваньков вийна хилла криминалан авторитетан Симония Ильян (Махо) дехарца. Иваньковс а, Усоян Аслана а (Дед Хасан) ваьккхинера иза криминалан авторитетан даржера. Усоян вийра 2013-чу шарахь.
26 шо даьллачул тIаьхьа, 2019-чу шарахь Махос юхаерзийра шен криминалан авторитетан статус.