ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Оьрсийчохь 8 780 стагаца ун къаьстийна


Коронавирусан уьнца къийсам латточу оперативан штабан зерашца, Оьрсийчохь 8 780 стагаца вирус хааелла тIаьххьарчу дийнахь-буса. Верриг а пачхьалкхехь COVID-19 ун даьлла ву 4 762 569 стаг. Яхначу буса вирус кхеттачех велла 332 дархо. Пандеми яьржичхьана Оьрсичохь уьнах кхелхина 108 232 пациент. Вирус чуеачхьана товелла 4 388 008 стаг.

Оьрсийчохь Стигалкъекъаа беттан 1-чу дийнера 11-чу дийне кхаччалц мукъаденош дIакхайкхийна. Эксперташна хетарехь, доккхачу декъана офисашкахь а, школашкахь а ун даьржаш хиларна, бахархоша мукъаденошкахь санитаран низамаш лардича, вирус ца яржа там бара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG