ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставрополехь кхеле делла Оьрсийчоь янне а яц бохучуьнан дов


Фрагмент картины Серова "Ленин провозглашает Советскую власть".
Фрагмент картины Серова "Ленин провозглашает Советскую власть".

Ставрополерчу Промышленни кIоштан кхеле листа хьажийна Соболев Николайн дов. Иза бехкево экстремистийн тоба кхолларна. Талламан версица, Соболев шарахь лаьттина Оьрсийчохь магош йоцчу "Оьрсийчоьнан славянийн ницкъийн цхьаьнакхетаралехь" (СССР).

Низамхойн урхаллаша чIагIдарехь, 66 шо долчу Соболевс цхьаьнакхетаралле кхойкхуш хилла нах социалан машанашкахула, ткъа 2019-чу шарахь иза шен гоно хаьржина "Ставрополан комендант".

2020-чу шарахь ша Iедалхоша зен волийча, талламчига, ша дечу зерех юхавалар хьоьхуш, "сацам" хьажийна цо, кехат язде, бохуш хилла, Советан пачхьалкх дийна хиларх даредеш. Вукхо тIедиллар юхатеттича, "Советан Iедалан тIеман трибуналехула" таIзар кхачор ду, бохуш, кхерамаш тийсина цо цунна, бехкевина талламча "Даймахканна ямартло ярна".

Лоьраша Соболев могуш лору. Цо тIе ца эцна шена бехк.

  • "Оьрсийчоьнан славянийн ницкъийн цхьаьнакхетаралла" ("Союз славянских сил Руси") низамера яьккхина 2019-чу шарахь Коми махкарчу прокуратуран лаамца. ХIетахь кхело шен сацамехь билгалдаьккхира оцу цхьаьнакхетаралло жуьгташна ницкъ барехьа кхайкхамаш беш хилар а, Iедал ницкъаша караэца хьоьхуш хилар а. Коми махкахь "Оьрсийчоьнан славянийн ницкъийн цхьаьнакхетараллера" лаххара а шина стагна кхел йира нахалахь гамонаш яржорна а, экстремизмаллин кхайкхамаш барна а.
  • "Оьрсийчоьнан славянийн ницкъийн цхьаьнакхетаралла" кхоьллира 2010-чу шарахь Москварчу стоматолога Тараскин Сергейс. Цо шех дIакхайкхийра "Советан пачхьалкхан президентан декхарш ханна кхочушдийриг", волавелира Оьрсийчоьнан регионашкахь губернаторш а, гIаланийн мэраш а "хIитто".
  • "Оьрсийчоьнан славянийн ницкъийн цхьаьнакхетараллин" бухехь ю Советан пачхьалкх юридикан хьесапехь йоьхна яц, цундела Оьрсийчуьра Iедал легитимехь дац боху идеологи. ФСБ-н хаамашца, 2018-чу шарахь цхьаьнакхетараллехь хилла 150 эзар декъашхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG