ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийнахь-буса коронавирусах 23 стаг велла Къилбаседа Кавказехь. Цомгуш хилла кхин а 333


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгар кхетта хиларца билгалбевллачу нахах велла 23 пациент, и цамгар карийна кхин а 333 стагехь.

Iедалера болчу хаамашца, Краснодар-махкахь 12 дархо велла, Ставропол-махкахь – 5, Адыгейхь – 2, ГIебарта-Балкхаройчохь, ГIалмакхойчохь, Дагестанехь, Нохчийчохь официалехь велла цхьацца вахархо. Пандеми кхайкхийчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 9 222 стаг.

Краснодар-махкахь бу дархой массанхьачул дукха, массанхьачул кIезиг бу уьш Къилбаседа ХIирийчохь.

  • Краснодар-мохк + 104 (45 082 пандемин ерриг хенахь)
  • Ставропол-мохк + 101 (52 723)
  • Дагестан + 40 (32 158)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 25 (23 663)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 13 (20 009)
  • Адыгей + 11 (14 384)
  • Нохчийчоь + 10 (11 955)
  • ГIалгIайчоь + 10 (15 386)
  • ГIалмакхойчоь + 10 (20 374)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 9 (16 687)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 хааелла 252 421-зза. Ерриг а Оьрсийчохь Охан-беттан 26-чу денна и терахь ду 4 771 372*.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулоцу аннекси йинчу ГIирмера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG