ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра а, Азербайджанера а легалехь боцу мигранташ лецна Польшин дозанехь


Польшерчу дозанхоша Iорабаьккхина Беларусера шайн махка мигранташ кхуьйлу низамехь боцу некъ. И билларна бехкево Гуьржийчоьнан ши вахархо ву лаьцна, ткъа царна гIодеш хиллачу церан цхьана махкахочунна кхелан сацамца набахтехь яккха 6 бутт хан тоьхна.

Мигранташа биллина некъ Iорабаьккхина Охан-беттан 22-чохь, Польшин а, Беларусан а дозанехь итт стаг лаьцча. Царех ялх стаг ву Оьрсийчоьнан вахархо (Нохчийчуьра схьаваьлла), виъ ву Азербайджанера, хаам бо Беларусерчу прессо, Польшин дозанхойн Подлянски декъан информацина тIе а тевжаш.

Легалехь а доцушˆ Польше кхача гIоьртинарг ву виъ боьрша стаг а, ши зуда а, диъ бер а. Лецнарш хьовсийна ларъеш йолчу арахьарчу нахана леринчу Кентшинерчу а, Белостокерчу а центрашка.

  • Псковрчу Пыталово кIоштан кхело Охан-баттахь исс-исс шераш набахтехь такха кхайкхийра Нохчийчуьрчу шина вахархочунна 2020-чу шеран Лахьан-баттахь Латвин дозанах низам а дохош чекхвала гIортарна.
  • Хьалхо хаам баьржира, шайн дозанна гергахь, Шальчининкай кIоштарчу хьуьнхахь Литуван дозанхоша 19 нохчо лаьцна, аьлла. Пхи боьрша стаг а, йиъ зуда а, бераш а дара Беларусин агIор Литува кхаьчнарш.
  • Нохчаша Европе миграци йолийра Нохчийчохь шолгIа тIом болабелча (1999-чу шеран Iай). Официалехь йоцчу информацица, Европан Бертан пачхьалкхашкахь бу лаххара а 200 эзар нохчийн мухIажарш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG