ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс кхерамаш тийсар юхаталлийта реза яц Соьлжа-ГIалара кхел


Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал бехктакхаман дов айдан реза ца хилла талламча бакъвина Соьлжа-ГIалахь кхело. Кадыров жоьпе озавайте гIерта бакъоларъярхой, цо шайна 2019-чу шарахь тийсинчу кхерамашца доьзна.

"Дешан маршо – иза иштта ю... Цхьаберш набахте хьийсабо юридикан гIо дехарна, ткъа кхечарна дуккха а хIуманаш лело мега, дуккха а", – аьлла ю кхел йирзича адвоката Беньяш Михаила шен фейсбук-агIонехь йина комментари.

Кадыровс дина дIахьедарш нохчийн маттахь дара, Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхорах лаьцна орцанаш доху бакъоларъярхой, журналисташ "дIасовцо беза" бохура цо. Изза дан догIу регионашкарчу Iедална социалан машанашкахь критика ечарна дуьхьал а. Уьш "байъа беза", "чубохка беза", "царан хIуъа а дан" мега, бохура Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Беньяша бечу хаамца, талламчина гина Кадыровс динчу къамелан видео, амма ца кхетта къамелах, иза нохчийн маттахь хиларна: "Декхаре вац кхета. Талламан документаш оьрсийн маттахь хуьлуш ду".

  • Оццу кепехь бара Старопромыслан кIоштан кхело Дечкен-баттахь бина сацам а. Цул тIаьхьа, Охан-беттан 7-чохь Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело аппеляци а листина, юхаталла хьажийра Кадыровс кхерамаш тийсарх долу дов.
  • Кадыровн дешнашца зулам хилар тIечIагIдайта гIерта бакъоларъяран "Мемориал" центр а (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара яьккхина "Мемориал", амма оцу къастамна реза яц "Мемориал" – редакцин билгалдаккхар), Москван ХIелсинкин тоба а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG