ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра школаш дийнахь кхузза болх беш хила ца еза, аьлла Оьрсийчоьнан премьер-министра


Нохчийчу ша вахар жамIе дуьллуш, Оьрсийчоьнан премьер-министра Мишустин Михаила тидаме ехкина оцу махкахь дийнахь кхузза болх беш йолу школаш.

"Бераш кхаа декъехь школе лелачу регионех ю цкъачунна Нохчийчоь. И проблема ма-хуьллу сиха дIаяккха еза, Оьрсийчоьнан кхечу субъекташкахь а санна. И гIуллакх цхьалхадаккха гIодеш ду Iедал", – аьлла хьаькамо вице-премьерашца дIаяьхьначу кхеташонехь.

Кавказ.Реалиино яздина ма-хиллара, берашна деша меттигаш ца тоарна ира лаьтта дийнахь кхаа декъехь бераш школашка лелар Къилбаседа Кавказехь. Диъ шо хьалха Iедало Iалашо кхайкхийра 136 школа йилла, доккхачу декъанна юьйцург яра ГIалгIайчоь, Нохчийчоь, Дагестан.

Школаш яхкар дуккхаза а хьехийнехь а, Нохчийчохь кхуьуш ду дийнахь кхузза болх бан декхаре юьсучу школийн терахь. Масала, 2018-чу шарахь иштачех яра 73 школа, ткъа 2019-чохь – 83.

Мишустин Соьлжа-ГIала веъча, цунна хаийтира гIалахь 1224 берийн меттигна еш школа хилар. Иза Гезгмашин-беттан 1-чу дийнахь болх бан йолалур ю, яздо РИА "Новости" агенталло. Премьер-министра дегайовхо къадийра, и школа схьайиллича, дийнахь кхаа декъехь бераша школехь дешарца йолу проблема лахлург хиларх.

  • Зазадоккху-баттахь Роспотребнадзоро Оьрсийчуьрчу школийн башхаллаш гойтуш хIоттийначу рейтингехь уггаре эшна хьал дара ГIалгIачуьрчу, Дагестанерчу, Нохчийчуьрчу школашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG