ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францехь 7 кавказхо лаьцна терроризмана ахча латторах йолчу шеконца


Кавказера схьаваьлла, 28-48 шераш долу ворхI стаг Францехь Охан-беттан 27-чохь, Iуьранна. Шеко ю уьш террорца уьйрехь хиларх а, цара Шема ахчанаш хьийсийна хиларх а.

Страсбургехь иттаннашкахь вовшахкхеттачу полисхоша антитерроран операци дIахьош лаьцна виъ стаг. Царех шиъ Нохчийчуьра ву, шиъ – Гуьржийчуьра, хаам бина меттигерчу прессо.

Оццу хенахь Францин юккъехь лаьттачу Пюи-де-Дом депортаментехь а лаьцна нохчийн диаспорера кхо стаг.

  • Францехь лецира Гадаев Мохьмад Охан-беттан 8-чохь, иза полице вахча. ХIора денна лелаш вара иза цига, ша депортацех хьалхавоккхуш кхело бина сацам кхочушбеш: адвокато тоьшаллаш далийнера цунна Оьрсийчохь ваха кхераме хилар тIеччIагIдеш.
  • Амма кхелан сацам а ца ларбеш, Францино экстрадици йина цунна. Хьалхо ша депортацин лагерехь сацийча, протест кхайкхош, шен гай цистира Гадаевс.
  • Москва дIакхачийча, "Шереметьево" аэропортехь ФСБ-н белхахоша сацийна латтийра иза, адвокаташа а, юкъаралхоша а сахьташ дехира иза дIахецаре хьоьжуш.
  • Шен ваша вехачу Новый Уренгой дIа а хьажийна, цига дIакхаьчча лаьцна Гадаев.
  • Нохчийчохь Охан-беттан I0-чохь Гадаевна дуьхьал бехктакхаман дов гIаттийна низамехь а доцуш герзаш лелорна. Талламан урхаллаша цо герз къайладаьккхина меттиг карийна боху.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG