ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москва гIалин кхело гураш хIиттийна Коррупцина дуьхьалоечу фондан балханна


Навальныйн Коррупцина дуьхьалоечу фондана а, Бахархойн бакъонаш ларъечу фондана а* Москва гIалин кхело дихкина шен белхан цхьадолу декхарш кхочушдан. Сацам тIеэцна Москван прокуратурин дехарца.

Шинарин дийнахь Навальныйн структурийн агIолоцучу юристийн "Команда 29" тобан декъашхочо адвоката Павлов Ивана хаийтина, билггал муьлха белхаш дIабахьа дихкина. Цо дийцарехь, оппозицерчу политикан фондашна доьхку хаамийн гIирсех пайдаэца, гуламаш, демонстрацеш хIитто, интернете материалаш яхка, харжамашкахь дакъалаца, банкехь ахча кхаба. Павловна тIе а тевжаш, иштта бовзийтина сацам "Интерфаксо".

Кхело дуьззина кхочушдина прокуратурин дехар. "Сацамна дуьхьал арздийр ду оха", – аьлла Павлов Ивана.

Коррупцина дуьхьалоен фонд (ФБК) экстремизман цхьаьнакхетаралла хилар кхело къастадаллалц йолчу ханна Москван прокуратуро дIалакъийна регионашкара Навальныйн агIончийн штабаш.

Охан-беттан 29-чохь кхело луьстур ду ФБК-н а, Бакъонаш ларъяран фондан а болх дIалакъорах, бохура оршотан дийнахь баржийначу хаамехь. Прокуроро дехнера кхеле ФБК-на интернете материалаш хIитто а, харжамашкахь дакхалаца а дехкар.

Европан Бертан дипломатин куьйгалхочо Боррель Жозепа комментари йина хIоьттинчу хьолан Охан-беттан 27-чохь, аьлла Навальныйца йоьзна йолу хьукматаш дIакъовлар ца догIу Оьрсийчоьно шена тIеэцначу дуьненаюкъарчу бертан документашца. Оьрсийчоь кхойкху цо "ша дукха хан йоццуш тIеэцна сацамаш а, бахархойн бакъонашна диллина тIеIаткъамаш бар а юхадаккхар". Твиттерехь яздина цо иштта.

Охан-беттан 16-чу дийнахь прокуратуро дехна кхеле Коррупцина дуьхьалоен фонд а, оппозиционеран Навальный Алексейн штабаш а экстремизман буха тIехь лаьтташ хилар тIечIагIдар. Прокуратурана гарехь, хьукматийн Iалашо ю "конституцин хIоттаман лард хуьйцу хьелаш кхоллар".

* Коррупцина дуьхьалояран фонд а, Бахархойн бакъонаш ларъяран фонд а арахьарчу агентийн могIара яьхна Оьрсийчоьнан Iедало. Амма и хьукматаш реза яц оцу статусца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG